Дюма, Александр (да) — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 35:
 
Цхьана дийнахь Салонан хӀора шеран цхьаьна гайтамехь Дюмас тидам бира барельефан, цунна тӀехь дара [[Мональдески, Джованни Ринальдо| Мональдески Джованни]] виерах сурт. «Дерриг дуьненан биографехь» Мональдескех а, Швецин паччахь-аьзни [[Кристина (Швецин паччахь-аьзни)|Кристинех]] а лаьцна дешна, Дюмас сацам бира оцу теман драма язъян. Юьхьанца цуо цхьаьна яздар кховдийра [[Сулье, Фредерик|Сульега]], амма тӀеххьара шиммо а шен шен «Кристина» язйира. Дюман пьеса хазъелира «[[Комеди Франсез]]ехь» волчу паччахьан комиссаран барон [[Тейлор, Исидор-Жюстен|Тейлоран]], цуьнан гӀоьнца «Кристина» тӀеийцира дош даьккхина, Дюма сиза кхин а тойийр ю аьлла. Амма драма хӀоттаяран дуьхьала яра массанхьа ницкъ кхочу [[мадемуазель Марс]], цунна езара [[классицизм|классикан]] репертуар. Къона автор пьесехь хийцамаш бан дуьхьала ваьлча, мадемуазель Марса дерриг дира «Кристина» «Комеди Франсезан» сценин тӀе ца ялийта.
 
Нана а, къуотгӀала вина кӀант [[Дюма, Александр (кӀант)|Александр]] а кхаба безаш волу Дюмас, шина баттахь керла теман пьеса язйира — пхеа актах лаьтта драма «[[Генрих III а, цуьнан цӀа а]]». «Комеди Франсезан» актёраш [[Вальдор, Мелани|Вальдор Мелани]] салонехь пьеса ешначул тӀаьхьа дийхира иза рагӀ йоцуш тӀеэцар. Премьера 1829 шеран 10 февралехь аьттонца хилира, иза бара хӀинццалц классицизман бӀогӀам хиллачу театрехь [[романтизм|романтикийн]] толам. [[КхоалгӀа чкъор|КхоалгӀачу чкъоьран]] публико спектакль тӀеийцира монархин авторитетан таж дӀаяккхар санна. [[Стендаль|Стендала]] шен рецензехь яздира: «Драмех, бу дера баккхий кхачамбацарш; тӀаккха а дерриг дицдеш хаза ю, и гайтар лара мегар ду хӀокху Ӏаьнан уггаре ладаме хилам». [[Гёте, Иоганн Вольфганг фон|И. В. Гётес]] хьаьжначул тӀаьхьа тидам бира иза «тӀех дика хилар, амма публикан хьекъал ца кхочу цунах кхета»<ref>{{Книга|автор=Эккерман И. П|заглавие=Разговоры с Гёте в последние годы его жизни|ответственный=|издание=|место=М.|издательство=Художественная литература|год=1986|страницы=390|страниц=|isbn=|isbn2=}}</ref>. Ткъа хӀара вайн заманан [[Моруа, Андре|Моруа Андрен]] ойла ю:
 
== Билгалдахарш ==