Дюма, Александр (да) — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 44:
 
Цуьнан пьеса «[[Антони (пьеса)|Антони]]» шен долара дахаран хьолийн бух тӀаьхь яра — оццу хенахь Дюма чӀогӀа езаелла вара поэтесса [[Вальдор, Мелани|Вальдор Мелани]], цуо иза арабаьккхира пьесан чохь Адель д’Эрвен вастехь. Драман премьера хилира 1831 шеран 3 майхь [[Порт-Сен-Мартен]] театрехь, коьрта ролашкахь [[Дорваль, Мари|Дорваль]] а, [[Бокаж, Пьер|Бокаж]] а волуш, «„[[Эрнани (пьеса)|Эрнанин]]“ премьерал кӀезиг гӀовгӀа а ца яьккхира цуо»<ref name="М114">А. Моруа. Три Дюма. — М.: Пресса, 1992, с. 114</ref> Гюго.
 
1830 шеран аьхка Францехь елира [[Июлан революци]], цуо вожийра [[Карл X (Францин паччахь)|Карла X-гӀа]], чӀагӀйира буржуазин паччахьалла. Ӏарш тӀе хиира [[Луи-Филипп I|Луи-Филипп]] цӀарца герцог Орлеанан. Александр Дюма паччахьан [[Тюильри]] гӀалан тӀелеттачу гӀовттамхошна юкъахь вара. Революцин хьалхарчу деношкахь дуьйна Александр Дюмас пайден дакъа лецира юкъараллин дахарехь, кхочуш дира оцу хенахь [[къоман гварди]]н коьртехь хиллачу инарла [[Лафайет]]а тӀедиллина масех ладаме гӀуллакх<ref name="Суассон">Он предложил привезти в [[Париж]] порох, которого недоставало. Дюма отправился в [[Суассон]] и потребовал у коменданта гарнизона виконта де Линьера передать порох революционерам. Линьер впоследствии утверждал, что ещё за несколько дней до приезда Дюма, он самостоятельно принял это решение. А. Моруа. Три Дюма. — М.: Пресса, 1992, с. 105</ref>.
 
== Билгалдахарш ==