Исламан рузма — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 9:
 
Бутт кхетаран терахь лара атта делахь а, [[ахбутт]] боккъал маца кхета ала чӀогӀа хала ду. Иза дозу дукха факторех, масала, хенан-хӀоттам, [[Дуьненан атмосфера|атмосферан]] оптикан хьал, терго ечун географин хьал. Цундела хала ду керла бутт маца болало хьалххе хаьа. Цул сов, синодикан беттан бохалла, хила тарло, ялх сохьтал сов я беха цуьнан юккъерачу барамал, цундела неомени тӀекхача тарло де хьалха а, де тӀаьхьа а Бутт гаран юьхьиган лардечу юккъерачу терахьал<ref>{{Книга |автор = [[Климишин, Иван Антонович|Климишин И. А.]] |заглавие = Календарь и хронология |издание = Изд. 3 |место = М. |издательство = Наука |год = 1990 |страницы = 64 |страниц = 478 |isbn = 5-02-014354-5|тираж = 105 000}}</ref>.
 
ХӀинца беттан юьхьиг билгалйоккху ши агӀо ю. Цхьаболчу мехкашкахь керла бутт тӀекхачар билгалдоккху къуона Бутт гаран факт хилча. Беттан хӀоз гар тешалла дан деза, лаххара а, тешаме волчу шина бусалбачо. Амма дукхаха болу исламан мехкашкахь лелайо астрономин бакъонаш, цара таро йо неомени тӀекхачар хьалххе билгала даккха. ХӀора махкахь шайн-шайн бакъонаш ю. Терхьан, беттан, шеран цхьаьнадаран юкъара бакъонаш ца хилар, дац билгала де гайтар. Цундела и чолхалла дӀаяккха оьшу кхин а кӀиранан де а.
 
== Беттанашан цӀераш ==