Мазаев, Маташ Хамзатханович — Версийн башхалла

Нисдарах лаьцна яздина дац
ж (→‎top: clean up, replaced: гӀуллакхо → гӀуллакххо using AWB)
ЦӀера схьавеача Мазаев билгалвелира киевн яккхийчу манёврашкахь, иза бахьнехь совгӀатна цӀарца долу сахьт делира [[Киевн тIеман гуо]]н баьччо шен куьйгара. Оццу шарахь иза хӀоттийра [[Староконстантинов]]ера 26-гӀа танкин бригадан бронеразведкин баьчча. Бригадан юкъахь дакъа лецира [[ЦIен эскар Польше дахар (1939)|БАЦӀЭ Польше йоьдуш]], тӀехьа хьажийра [[Ленинград]]е курсашка баьччийн состав туоярхьама, уьш чекхъяьхча кхоссархойн дивизица хьажийра [[Совета-финийн тIом (1939—1940)|Ӏаьнан тӀаме]] батальонан баьччан гӀовс даржехь<ref name="gro" />.Тупури-сари кӀоштехь [[Маннергейман могIа]]нах бовлуш Мазаев къаьстира, [[Советийн Союзан Турпал|Турпал]] цӀе яла дахьийтира кехаташ, амма совгӀат ца дира. 1941 шеран мартехь Мазаев дехьаваьккхира [[8-гIа механизаци йина корпус (1-ра кхолламан)|8-гӀа механизаци йинчу корпусан]] юкъахь [[34-гIа танкан дивизи (ССРС)|34-гӀа танкан дивизин]] танкан батальонан баьчча дарже<ref name="gro" />.
 
[[Сийлахь Даймехкан тIом]] Мазаев Маташан болабелира [[Карпаташ]]кахь{{sfn|Ковалёв, Ковалевский|2006}}. ТӀеман хьалхарчу сахьташкара дуьйна дакъа лецира тӀемашкахь [[Пшемысль|Перемышлан]] уллохь, оцу тӀамехь цуьнан батальона делла доза лардина ца Ӏаш, аьттонца тӀе а лиетара [[Берестечко]] а, [[Лешнев]] а агӀора. Кхин а, тӀеман хьалхарчу деношкахь, цуьнан корпусан аьтту белира йоццучу хенан [[Польша]]н латан тӀехь плацдарм дӀалаца, 1939 шарахь дуьйна немцойн оккупацехь яра иза<ref name="pra">{{статья|автор = Бутасов.|заглавие = Героические подвиги танкистов|издание = [[Правда (газета)|Правда]]|год = 1941|месяц = 7|день = 1}}</ref><ref name="dai">{{статья|заглавие = {{comment|Турпалхо-танкист|Герой-танкист}}|издание = [[Даймохк (газетагазет)|Ленинан некъ]]|год = 1941|месяц = 7|день = 26|язык = [[Чеченский язык|чеч.]]}}</ref>. Иза бахьнехь Мазаев шолгӀа а [[Советийн Союзан Турпал|Турпал]] цӀе яла дахьийтира кехаташ<ref name="gro" />, амма елира [[ЦIиен Байракхан орден]]. ТӀемашкахь човйира когах а, гайх а кхетна<ref>{{cite web|url = http://www.grozny-inform.ru/main.mhtml?Part=11&PubID=42025|title = «Я честно выполнил свой долг перед Родиной!»|publisher = [[Грозный-информ]]|date = 8 мая 2013|author = М. Ибаева|accessdate = 28 декабря 2015|archiveurl = https://archive.is/y6qdD|archivedate = 28 декабря 2015}}</ref>{{sfn|Пенежко|1947|с = 23 — 39}}.
 
[[Файл:Zerstörter T-26, Ostfeldzug.jpg|мини|1941 шарахь аьхка йохийна Советийн танк Т-26. Оцу кепарчу танкаш яра капитан {{nobr|М. Х. Мазаевн}} батальонехь.]]