Исламан рузма — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 35:
Бехкамийн беттанаш ({{lang-ar|الأشهر الحرم}}) — [[Джахилия|джахилан заманахь]] [[КаӀбат]]ан гуонаха виен а, тӀемаш бан а, талла а ца магийна исламан рузман беттанаш. Иштта бутт биъ бу: [[зуль-къаӀдат]], [[зуль-хьиджат]], [[мухьаррам]], [[раджаб]]. Бехкаман беттанаш исламехь деза лору<ref>{{Къуръан|5|2}}</ref>.
 
Бехкамийн бахьна дара хьаьж доьхкучеран кхерамазалла, ткъа КаӀабате богӀучара латтайора лакхара йохк-эцар а, шортта са а. ТӀом ца бича ца бевлча, Ӏаьрбаша-жахилаша дӀатоттура «бехкаман» бутт хьалха а, тӀаьхьа а, тӀаккха паргӀата тӀемаш дора. [[Исламан истори]]н хьалхарчу шерашкахь [[Бусалбаниг|бусалбачара]] иштта лелабора и бехкамаш<ref>{{Къуръан|9|36}}</ref>. Амма, [[хӀиджрат]]ан шолгӀачу шарахь (Мединат кхалхар) раджаб бутт чекхболуш, Нахле хьажийна бусалбанийн талламан тобано бехкам боха а бина, тӀелетира [[макка]]хойн [[ковра]]н. Бусалбачаьрца хиллачу тӀамехь вийра Ӏамр ибн аль-Хадрами, ткъа кхин цуьнан ши новкъахо йийсар вира. Маккан джахилаш бехке бира бусалбанаш юкъара тӀеэцна законаш дохорна, амма дукха хан ялале АллахӀа доссийра Мухьаммад пайхамарна {{С.Ӏ.в.}} Аль-Бакара сурат юкъара 217 аят, цуо бакъо елира бехкаман баттахь тӀом бан<ref>{{ Къуръан |2|217}}</ref>.
 
Исламан бакъончаша ([[факихьфакъихӀ]]ашаша) боху, бехкаман беттанашкахь тӀом хьалха боло мегар дац, амма бакъо ю болийнарг дӀабахьа а, чекхбаккха а, нагахь тӀом кхечу баттахь болийнехь. Бехкам ца хьахало нагахь мостагӀ тӀелеттехь мехкан зулам дан Ӏалашо йолуш<ref>{{ИЭС+2007|125|Ашхур аль-хурум}}</ref>.
 
== КӀиран денош ==