[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 12:
 
Адаман цӀе елла муьлхха а дош, гуонахьарчара тӀеэца доладо цуьнан долара цӀе санна, цундела, муьлхха а дешах цӀе хила тарло.
 
Цигара схьа, долара цӀе — цхьа стаг билгалавоккхуш, цуьнга дистхила таро хилийтархьама, цунах лаьцна кхечуьнца хабар дийцархьама, цунна шена делла дош.
 
Долара цӀеран маьӀна адаман дахарехь доккха ду. ХӀора стаг билгала ца ваккхала цӀарца бен, цундела цуьнан дика а, гӀуо гӀуллакхаш гӀара ца довлу цуьнан цӀарца бен.
 
Долара цӀераш лелийна ца Ӏа бахамехь, юкъара къамелашкахь, амма лелайо тептаршкахь, тайп-тайпанчу официалан хьолашкахь, юридически практикехь, цигахь жима дӀаяздеш гӀалат даккхахь иштта я вуьштта тӀаьхье дика ца хуьлу. Уьш хила тарло модаца йогӀуш я юкъаралло тӀе ца оьцуш.