[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 11:
 
Туьнкалгаш кхоллаялар уьйр йолуш ду доздаран системашца. Уггаре атта йинариг царех — гуонаха тӀулгаш дехкина цӀе. Ишттачу йохъяран «конструкцино» таро лора ширачу заманахь цӀеран уллехь вохвала, кечбан цхьа атта кхача. Йовхо алсама латтийта хӀун дан деза боху хаттар адамаша тӀаьхьа хӀоттийра, шеш къилбаседехьа гена мел кхелха. Масала, Уссурин зонехь, и мехкаш тела волу яздархочун-новкъахочун [[Арсеньев, Владимир Клавдиевич|В. К. Арсеньевн]] тешаллашца, Корейра охьахешинчеран хӀусамаш йохйора [[Кан (пеш)|чӀогӀа тамашийна туьнкалгашца]], цуьнан харшаш дехкина дара цӀийнан цӀенкъа бухахула, нах бехачу зонашкахь, уьш бохбеш. КӀура араболара хара йолчу диттан чухула, иза туьнкалган арахьара декъан метта дара.
 
Ткъа Русехь йохъяран система лелош хилла туьнкалгаш а йоцуш — тхьов тӀаьхь Ӏуьрг доккхий. XVII бӀешо кхаччалц гӀаланашкахь массо а адамийн чкъоьрийн пешаш иштта яра. И чоь йохъяран хьесап кхераме а дара, хӀунда аьлча цӀа чохь гуллора адаман зуламе йолу [[хьаьха газ]]. Ткъа кхин а иштта йохъен хӀусам чӀогӀа хаза ца хуьлура — пенаш гуттара цӀандан дезаш хуьлура. Пешашна кир тохар лелош ду генара схьа, юьхьанца и пеш хазъян тухуш бацара, ткъа тухура пешо болх муха бо хьожуш — кӀайчу тӀоьхалонехь дика хаало муьлхха а, лелхарш, херонаш, цигахь кӀурз буьллу.
 
== Билгалдахарш ==