Рейнджерс (футболан клуб) — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 66:
[[Файл:Glasgow Green - geograph.org.uk - 1076259.jpg|thumb|300px|right|«Рейнджерс» кхоьллина меттиг — Глазго Грин]]
Футболан клуб «Рейнджерс» кхоьллина веа къоначу шотландхочо: вежарий Питер а, Мозес а МакнилигӀар, ткъа иштта Питер Кэмпбэлла а, Вильям Макбета а 1872 шеран февралехь<ref>{{cite book|title=Scotland Who's Who: International Players 1872–2013|author=Paul Smith|publisher=Pitch Publishing|year=2013|page=126}}</ref>. Оцу хенахь дукха хьолахь ма-хиллара, команда кхоьллинчеран ахча а, спортан духар а дацара, буьрка а яцара. Амма бара боккха лаам а, кегийрхойн ойла а яра, цунах хилира исторехь уггаре дикачех цхьаьна футболан командан Шотландин хилла а ца Ӏаш, кхин а Йоккха Британин а некъ болало меттиг.
 
1872 шеран майхь ловзийра дуьххьарлера матч — доттагӀаллин ловзар «Калландер» клубца «Глазго Гринан» юкъараллин аренаш тӀехь, иза чекхъелира жамӀ 0:0 долуш. Кхин цхьаъ доттагӀаллин матч, оцу шарахь ловзийначех, «Клайд» (хӀинца йолчу «[[Клайд (футболан клуб)|Клайд]]» футболан клубаца юкъара хӀумма а дац) командан дуьхьала яра, иза чекхъелира толамца чот 11:0 йолуш. Иза яра клубан исторехь дуьххьара матч, тӀаьхьа ламаст хилла синачу духарца ловзийна. «Рейнджерс» кхолларан официалан терахь лору [[1873 шо|1873 шеран]] [[15 июль]], оцу дийнахь клубо дӀабаьхьира хӀора шеран гулам, хаьржира декъашхой. Циггахь тӀеийцира Мозес Макнилис кховдийна «Рейнджерс» цӀе. Иза цуо схьаэцнера регбех лаьцна жайнин тӀиера, хетарехь меттигера командан цӀе йолу.
 
== Билгалдахарш ==