[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[File:Rupicapra rupicapra_0.jpg|right|thumb|250px|Масар.]]
'''Масар''' (лат. ''Rupicapra rupicapra'') ''[[animalia]]'' ю. {{Lang-noh|Масар}} Масарх (оьрсаша "{{Lang-ru|Серна"}} олу. Цуьнан дег1ан дохалла 125-135 см ю. Мунда йолочуьра локхалла 70-80 см. Йозалла 25-50 кг. Настарш лекха ю цуьнан. Г1орта еха ю, корта жима бу. Ц1ога доца ду. Лергаш деха ду. Ма1аш 1аьржа а нисса ирахъяхна, йоьхьигаш ц1еххьана т1иэхьа йирзина а ю. Стечу масаран ма1аш кегийро ю. Масаран бос таь1но хьаьрса бу. К1есаран к1ог т1ера букъ т1оьхула 1аьржа сиз доьду. Шина а аг1ор белаш т1ера чук1ела кхаччалц 1аьржа томмаг1а ду цуьнан. Чук1ело мекханан басахь можа ю. Корта а, лаг а можа ду. Хьаьжаюккъера к1ай а хеталуш. Лерга юххера дуьйна бета йисте кхаччалц 1аьржа шиъ сиз ду цуьнан дехьий, сехьий.
 
*1ай масаран бос хийцало. К1есаран к1аг а, т1оьхулара г1орта а, чук1елара а, т1иэхьа п1ендаршкара а хьаьрса, пханаршкара 1аьржа хуьлу иза, 1аьнан заманчохь. Чо морса а, беха а, буькъа а бу цуьнан. 1ай кхин а бах а ло, букъ а ло цуьнан чо.