[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж Гlаролла дина агlо «Пхьагал» ([edit=autoconfirmed] (хан чаккхе йоцуш))
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[File:Sylvilagus_floridanus.jpg|справа|мини|250px|Пхьагал.]]
'''Пхьагал''' ''[[animalia]]'' ю. {{lang-noh|ПхьагалахПхьагал}} ({{lang-ru|Заяц}}) олу. Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тог1еш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий 1уьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостаг1чух к1елхьара ца йокху. Цуьнан мостаг1ий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чаг1алкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, г1ирг1анаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой ж1аьлешца т1аьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан ц1ока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а к1елхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна я де, я буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь я тоьланашкахь. Ткъа пхьагал я буса а, я дийнахь а синтем болуш яц. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен ж1аьлешца лорах т1аьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула т1ехволуш 1адда юьжий 1уьллу. Варданца я машинашца д1а-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йог1ий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.
 
*Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга г1ерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, к1езиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн г1ад дожу цара.