[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж Гlаролла дина агlо «Сайгак» ([edit=autoconfirmed] (хан чаккхе йоцуш))
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[File:IMG_0056.JPG|thumb|250px|Сайгак]]
{{lang-noh|Сайгак}} ({{lang-ru|Сайгак}}) олу. Сайгак адамаш д1акхочучу меттера х1аллакьеш ю. Оханаш дечохь, тракторш, комбайнаш лелочохь сайгакаш хуьлуш яц. Х1инцачул 150 шо хьалха Польшехь а, Манголехь а хилла сайгакаш. Адамаш т1аьхьара д1а ца довлу царна. Жижиг, ц1окарчий хилла ца 1еш, ч1урамах терра ах сирла ма1аш яра адамашна пайдехь. Китайн лоьрийн дарбанашкахь пайдехь лоруш ю уьш.
{{lang-noh|Сайгак}} ({{lang-ru|Серна}}) олу. Цуьнан дег1ан дохалла 125-135 см ю. Мунда йолочуьра локхалла 70-80 см. Йозалла 25-50 кг. Настарш лекха ю цуьнан. Г1орта еха ю, корта жима бу. Ц1ога доца ду. Лергаш деха ду. Ма1аш 1аьржа а нисса ирахъяхна, йоьхьигаш ц1еххьана т1иэхьа йирзина а ю. Стечу масаран ма1аш кегийро ю. Масаран бос таь1но хьаьрса бу. К1есаран к1ог т1ера букъ т1оьхула 1аьржа сиз доьду. Шина а аг1ор белаш т1ера чук1ела кхаччалц 1аьржа томмаг1а ду цуьнан. Чук1ело мекханан басахь можа ю. Корта а, лаг а можа ду. Хьаьжаюккъера к1ай а хеталуш. Лерга юххера дуьйна бета йисте кхаччалц 1аьржа шиъ сиз ду цуьнан дехьий, сехьий.
 
*Украинехь т1аьххьара сайгак 1940-шарахь йийна бохуш ду. Юккъерчу Азин дазонашкахь а, Казахстанан цхьайоьлчу меттигашкахь а дуккху а хилла уьш.Ткъа х1инца Европехь уьш йисна а яц. Азехь а тохарачул к1езиг йисна.
*1ай масаран бос хийцало. К1есаран к1аг а, т1оьхулара г1орта а, чук1елара а, т1иэхьа п1ендаршкара а хьаьрса, пханаршкара 1аьржа хуьлу иза, 1аьнан заманчохь. Чо морса а, беха а, буькъа а бу цуьнан. 1ай кхин а бах а ло, букъ а ло цуьнан чо.
 
*Адамаша кера ерзора йолчу, хи доцчу аренашкахь хуьлуш яра сайгакаш. Царна т1е кхача атта дацара. Цундела дукха ца хуьлура царна т1аьхьа бовла хьуьнар долуш таллархой. Амма бай-латтанаш охуш, баха охьахуьйтуш адамаш герга г1иртина царна. Адамаш герга мел кхечи гатто хилла сайгакашна. Царга таллар дихкина ца хиллехь кхин ткъех шо даьлчи наггахь бен карор яцара сайгак. Царна таллар дехкаро аьтту бина уьш дебийта. Казахстанехь сайгакийн яккхийра реманаш ю х1инца а. Ирча хьайба бу иза. Т1едаьлла ирча теран-дукъ ду цуьнан. Боьрша сайгак ма1аш хиларо жимма куьце ялайо. Ткъа, сте сайгак ма1аш а йоцуш ирча корта болуш ю. Мара лакхарчу балдех т1ехбаьлла бу цуьнан. Ежачу хенахь мара хьалахабабо цо. Б1аьра са а, лергийн само а дика ю цуьнан. Хьожанца а къастало цхьацца хьелаш. Бакъду, таллархойн кхерамах к1елхьара йовлийла дацара церан ларъелчи а, евдича а.
*Юккъерчу а, Къилбехьарчу а Европан лаьмнашкахь хуьлу масарш, масала Пиринера Балкане а, Карпате а, Жимахчу Азе а, Кавказе а кхаччалц. Кавказийн ламанийн лакхарчу даккъашкахь бен хуьлуш яц уьш.
 
*Сайгак лаьмнашка а, хьаннашка а йоьдуш яц. Бакъду, 1аламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цо меттигаш. Цанаш дика йолчу меттехьа д1аг1урту сайгакаш. Сайгако хи молуш гина стаг вац. Цхьа а т1адам хи доцчу меттехь еха уьш. Гурахь вовшахкхетий яккхийра реманаш хуьлу царех.
*Акха гезарий санна, ламанан даккъашкахь, мокхазан, т1улган бердашкахь, ламанан басошца цанашлахь ежа уьш. 1ай диттийн ч1енигаш, синтарш бецан г1овданаш йоу цара. Аьхка 1уьйранний, сарахь ежа уьш. Реманаш йой лела уьш. 1ай ламанийн даккъаш т1ера хьуьн чу охьайог1у уьш. Апрель-май баттахь ехка. Боьхьиг цхьацца йо цара, наггахь шишша а йо.
 
*Сайгакаш кортош охьаохкадой лела. Цундела церан рема генара хьаьжчи жах тера хуьлу. Адамах я экханах б1аьрг кхетчи д1алелха уьш, лакха хьала а кхиссалуш. Ялх метр гена кхоссало сайгак еддайоьдучу хенахь.Говр хаьхкича т1аьхьа ца кхуьу царна. Ворх1-барх1 де бен кхачаза йолчу к1орнина а ца кхуьу говр хаьхкича т1аьхьа.
*Уьш к1езиг ю вайн махкахь. Цундела уьш яйар дихкина ду.
 
*Май бутт болалуш цхьаъ я шиъ к1орни йо сайгако. Яхка кечлуш буц лекха а, луьста а йолу меттиг лоху цо, к1орни кога яххалц кхаба а, экханах ларо а аьтто болчохь. К1орнеш йинчу хьалхарчу деношкахь нана гена ца йолу царна. 1адда юьжий 1уьллу иза къайлехь. Сов 1уьйранна к1орнеш а якхайой яжа йоьду нана. Цкъацкъа дукха гена йолий буса бен юха ца кхочу. Юхаеъчи к1орнеш а якхайой, царна юххе охьаюьжу нана. Йина кхо-диъ де даьлчи ненаца юьйлало к1орнеш.
 
*Кегийра йолуш адамана кера1ема к1орнеш. Яккхийрнаш шаьш ма-хиллара акха юьсу. Уьш кера ца 1ема.