[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[File:SaigaDortmund-Zoo-IMG_5518-a.jpg|thumb|250px|Г1ела]]
{{lang-noh|Г1ела}} ({{lang-ru|[[Марал]]}}) олу. И боккха сай Тянь-Шанехь а, Алтайхь а, Саянехь а, Байкалал дехьа а, Амурски а Уссурийски мехкашкахь а хуьлуш бу. Сеш ду Малхбузе Европехь а, Крымехь а, Кавказехь а, Карпатан лаьмнашкахь а, Беловежскехь а, Днепран лахенашкахь а. Иштта Акании-Ново а, Воронежски заповедникехь, Амуран йистошкахь а 1аламах доьлла сеш.
{{lang-noh|Г1ела}} ({{lang-ru|[[Сайгак]]}}) олу. Г1ела адамаш д1акхочучу меттера х1аллакьеш ю. Оханаш дечохь, тракторш, комбайнаш лелочохь г1елаш хуьлуш яц. Х1инцачул 150 шо хьалха Польшехь а, Манголехь а хилла г1елаш. Адамаш т1аьхьара д1а ца довлу царна. Жижиг, ц1окарчий хилла ца 1еш, ч1урамах терра ах сирла ма1аш яра адамашна пайдехь. Китайн лоьрийн дарбанашкахь пайдехь лоруш ю уьш.
 
*Г1ела таллархочун уггаре а мехала ижо ю. Китайцийн дарбанашкахь безчу мехала лору г1елан къона ма1аш. Китайхь дешин мехха лоруш хилла уьш. Пржевальски волчу хенахь цхьана г1елан мо1ах деллачу ахчанах мачийттаетт я масийтта говр эцалуш хилла. Стомма дилх, ч1ог1а не1 мехала хилла ца 1аш, г1елан панташ (1) а хилла иштта мехала.
*Украинехь т1аьххьара г1ела 1940-шарахь йийна бохуш ду. Юккъерчу Азин дазонашкахь а, Казахстанан цхьайоьлчу меттигашкахь а дуккху а хилла уьш.Ткъа х1инца Европехь уьш йисна а яц. Азехь а тохарачул к1езиг йисна.
 
*Сен кур бужу х1ора шарахь. Цуьнан меттана кхин кур х1уттуш яхъяла йолало ма1аш. Кур бужу б1аьста март я апрель баттахь. Цу балхо эрча боккху сай. Цхьана баттахь лела иза оцу кепехь. Цул т1аьхьа хьалаяхло ма1аш. Чохчам санна к1еда а йолуш, ц1ий лела пхенаш дуьзна гуш уьш йолчу хенахь хедийчи дарбанна дика ю.
*Адамаша кера ерзора йолчу, хи доцчу аренашкахь хуьлуш яра г1елаш. Царна т1е кхача атта дацара. Цундела дукха ца хуьлура царна т1аьхьа бовла хьуьнар долуш таллархой. Амма бай-латтанаш охуш, баха охьахуьйтуш адамаш герга г1иртина царна. Адамаш герга мел кхечи гатто хилла г1елашна. Царга таллар дихкина ца хиллехь кхин ткъех шо даьлчи наггахь бен карор яцара г1ела. Царна таллар дехкаро аьтту бина уьш дебийта. Казахстанехь г1елийн яккхийра реманаш ю х1инца а. Ирча хьайба бу иза. Т1едаьлла ирча теран-дукъ ду цуьнан. Боьрша сайгак ма1аш хиларо жимма куьце ялайо. Ткъа, сте г1ела ма1аш а йоцуш ирча корта болуш ю. Мара лакхарчу балдех т1ехбаьлла бу цуьнан. Ежачу хенахь мара хьалахабабо цо. Б1аьра са а, лергийн само а дика ю цуьнан. Хьожанца а къастало цхьацца хьелаш. Бакъду, таллархойн кхерамах к1елхьара йовлийла дацара церан ларъелчи а, евдича а.
 
*Йоьхьанца къона ма1аш т1ехь ча болуш хуьла. Ма1аш ч1аг1луш кур кхиъна баллалц лаьтта и чо царна т1ехь. Кур кхиъна баьлчи ма1аш т1ера охьадужу и кан.
*Г1ела лаьмнашка а, хьаннашка а йоьдуш яц. Бакъду, 1аламан хьелашка хьаьжжина хуьйцу цо меттигаш. Цанаш дика йолчу меттехьа д1аг1урту г1елаш. Сайгако хи молуш гина стаг вац. Цхьа а т1адам хи доцчу меттехь еха уьш. Гурахь вовшахкхетий яккхийра реманаш хуьлу царех.
 
*Г1елано аьхка буц йоу, 1ай декъа г1аш, синтарш доу, берг тухуш лай к1елара екъа буц йоу. Хьайбанна туьха деза. Бацаца, соьналлашца иза тоьаш дац. Цундела г1елаша туьхан латтанаш лоха б1аьста буц хьалаяла тохаелчи.
*Г1елаш кортош охьаохкадой лела. Цундела церан рема генара хьаьжчи жах тера хуьлу. Адамах я экханах б1аьрг кхетчи д1алелха уьш, лакха хьала а кхиссалуш. Ялх метр гена кхоссало г1ела еддайоьдучу хенахь.Говр хаьхкича т1аьхьа ца кхуьу царна. Ворх1-барх1 де бен кхачаза йолчу к1орнина а ца кхуьу говр хаьхкича т1аьхьа.
 
*Г1ела шена кхераме долчу экханах, адамах ларбала хууш бу. Адамах шен б1аьргкхетчи ц1еххьана д1а ца эккха иза. Ша цунна го я ца го хьажа лаьа цунна. Таллархо шена т1е1оттавелча кхерамах бедда гена болу иза. Ша къайле баьлчи и таллархо шена т1аьхьа вог1а я ца вог1а хьожуш соцу иза. Таллархо т1аьхьа ца вог1ийла хиъчи парг1атболу иза. Я меллаша болалой д1абоьду. Шаьш дийшина 1охкучу хенахь, адамах б1аьрг кхетчи, йадда 1охку г1еланаш, кхин д1а цо х1ун до, х1ун дагахь ву хьажа лууш. Стаг шаьш долчухьа т1еволавелчи д1алелха.
*Май бутт болалуш цхьаъ я шиъ к1орни йо г1ело. Яхка кечлуш буц лекха а, луьста а йолу меттиг лоху цо, к1орни кога яххалц кхаба а, экханах ларо а аьтто болчохь. К1орнеш йинчу хьалхарчу деношкахь нана гена ца йолу царна. 1адда юьжий 1уьллу иза къайлехь. Сов 1уьйранна к1орнеш а якхайой яжа йоьду нана. Цкъацкъа дукха гена йолий буса бен юха ца кхочу. Юхаеъчи к1орнеш а якхайой, царна юххе охьаюьжу нана. Йина кхо-диъ де даьлчи ненаца юьйлало к1орнеш.
 
*Г1еланаш дежа сатесчихьана дуьйна. Де дохделчи дуьйшу уьш шайна кхерам боцчу меттехь. Шаьш гурдоцуш, шайна гондахьа б1аьрг кхаба аьтту болуш меттиг хоржу цара. Масала, гобаьккхина еса майда аре а йолуш, къасттина лаьтта диттийн кондарш. Я ламанан басеш мокхазан берд. Бердах аг1у а тухий дуьйшу уьш. Т1аккха шайна хьалхара цхьа аг1у бен ларо ца деза. Цигахь, нох а доккхуш дуьйший 1охку уьш, делкъал т1аьхьа малх охьаластталц. Т1аккха сарралц дежа ламанан даккъашкаца хьала а оьхуш.
*Кегийра йолуш адамана кера1ема к1орнеш. Яккхийрнаш шаьш ма-хиллара акха юьсу. Уьш кера ца 1ема.
 
*Хьуьнчохь г1елаша садо1у меттиг генаш лаьтта охьакхаьчна долчу доккхачу дитта к1ело хоржу. Х1унда аьлчи, арахьара т1евог1учунна цу к1елахь уьш ца го. Шайна герга г1ерташ верг царна го. Иштта т1ег1оьртанчу кхерамах к1елхьара довла аьтту лоху цара.
 
*Г1ела само йолуш а, хьожа кхеташ а бу.
 
*Г1елашна чуьркаш, горанаш ца еза. Къаьсттина керла ма1аш йовлучу хенахь ца лало цаьрга оцу экамчу мо1а т1е хиъначу чуьрко къовзор. Цундела уьш йовхачу хенахь чуьркаш, горанаш йоцчу ламанан даккъашка хьала доьлху. Цигахь шийла механ х1о хуьла. Иза чуьркашний, горнашний ца деза. Ламанан лахенанашца хин тог1ешкахь, хин берда йистошца хуьлу церан сецарш. Х1унда аьлчи цигахь а хишца шийла х1о хуьлу.
 
*Гуьйранна ламанан баххьаш хержа оьшуш ца хуьлу г1елашна. Сту г1ела г1елашка г1ерг1а сентябрь баттахь. Цо шена т1е боьху г1ела-етт. Т1аьхьа бисна сту, оре беъна г1ела-етт т1амца схьабаккха безаш хуьлу ша санна болчуьнгара. Кхузахь лета уьш. Тоххарлера г1елашка г1ерг1ар а доцуш къин тайпа амалаш къоллало: кхерам тасар, лата кечлуш б1ов бахар, леташ эшначун дегабаам я тоьллачун куралла. Ницкъ болчу г1елан ша санна берг хоржуш терсар. Ханна а, дег1ан а, ницкъана а шега ниссачух лета г1ела-сту. Генара хеза цара вовшашна карраш детташ ден тата. Уьш леттачохь кегйина ма1аш карайо. Летчу заманчохь карраш таса а лой уьш вовшах ца дахалуш шиэ а г1ела мацалла белла карийна меттигаш а ю.
 
*Оре лоцучу хенахь цхьана эра г1елан 6-7 г1ела-етт хуьлу. Буг1анаш уьш къуьйсуш лета вовшех. Тоьллачо шегахьа дерзадо уьш.
 
*1ай шайн-шайн жима бажа хуьлу церан. Г1ела-сту а, шиъ-кхоъ юха а ламанан лахенга охьадог1у уьш шайн кхерстаран некъашкахула.
 
*Г1ела ша сира белахь а цуьнан эса можачу сацкъар басахь хуьлу, дег1ан дохалла можа томмаг1наш а долуш. Цхьана баттахь гергга 1уьллу иза бацалахь дуьжий. Нана цунна дукха гена а ца йолуш ежаш лела. Эса дакхо шен-шен хенахь метта йог1у иза. Ненах декхчи йовхачу а, хьеначу а шурех дузий юха а охьадуьжу эса. Диттин кондаршлахь къаьсташ ца хуьлу иза. Цуьнан дег1а т1ера можа томмаг1наш г1ан патарехь д1аоь. Буьрсачу экханах ларо 1аламо и къайле елла цунна.
 
*Цхьана шарахь сов лела боьрша эса нанна т1аьхьа х1уттий. Шо кхаьччи нанна т1аьхьара къаьста иза. Стен эса шозлаг1чу шарахь а ненаца хуьла.
 
*Оцу акхачу дохнан уггаре а луьра мостаг1 борз ю. Царна кхерам бу акхачу цицигах а, чанах а.