Италин-туркойн тӀом — Версийн башхалла

1640 байт тӀетоьхна ,  1 шо хьалха
[[Файл:Cartolina Tripolitania e Cirenaica 1911.jpg|thumb|right|ТӀеман лерина Италин открытка. 1911 шо.]]
Итали, [[Рисорджименто|керла кхоьллина пачхьалкх]], кхин колонин пачхьалкхаш санна лохуш яра сурсаташ дохка меттиг, шен [[Италин колонеш|колонин латташ]] шордан гӀертара. Италихой буьйлабеллера Ливин чубаха дипломатин кечам XIX бӀешеран чеккхенгахь дуьйна, ткъа тӀеман — XX бӀешо долалуш дуьйна. Италин юкъараллин ойлана Ливи гойтура шортта пайден маьӀданаш долу а, дика Ӏаламан хьал долу а, кхин тӀе берриш 4 эзар туркойн салтийчо бен ларбеш боцу мохк санна. Италин пресса оцу хенахь гӀертара италихой тешо, Ливин бахархой зуламе дог-ойла йолуш хиларх туркошна, италихой безаш а, царна италихой шайн туркойн Ӏазапах хьалхабохурш гар. Кхин а царна моьттура Ливи чубахар «суьйрана пхьогӀане валар» санна хир ду».
 
Италис Ливех дерг дӀахьедира [[Берлинан конгресс (1878)|Берлинан Конгрессал]] тӀаьхьа, цигахь Франци а, [[Йоккха Британи]] реза хилира [[Тунис]]ан а, [[Кипр Британин империн юкъахь|Кипран]] (ший а мохк оцу хенахь [[Малхбузан хаттар|гӀеллучу Ӏусманан империн]] юкъахь бара) оккупацин хӀораммо а. Италин дипломаташа хаийтича шайн правительство дуьхьала хила магар, французаша жоп делира, Триполи дӀаелла Италин Ӏаткъаман сфере. 1900 шарахь Италис реза йира [[КхоалгӀа французийн республика|Франци]] [[Франко-италин барт (1900)|бартца]] Триполи а, Киренаика а дӀалацийта. Французийн пресса шуьйра иэцаро кӀезиг гӀо ца дира Францин дика хуьлийта позици латто. 1909 шарахь [[Оьрсийн-италин барт (1909)|Раккониджин бартаца]] Италис реза йира [[Российн импери|Росси]] а. Италин политикаш чот йора, [[Германин импери|Германи]] а, [[Австро-Мажарчоь]] а иштта Ӏийр ю дуьхьало ца еш, юхкура ю юкъаметтигаш шеш гӀодеш йолчу Туркойчоьнан.
 
== Билгалдахарш ==