[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж робот тIетоьхна: frp:Chamouès (mamifèro); косметические изменения
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[Сурт:Rupicapra rupicapra_0.jpg|right|thumb|250px|Масар.]]
'''Масар''' (лат. ''Rupicapra rupicapra'') ''[[animalia]]'' ю. {{Lang-noh|Масар}} (оьрсаша {{Lang-ru|Серна}} олу). Цуьнан дегӀан дохалла 125-135 см ю. Мунда йолочуьра локхалла 70-80 см. Йозалла 25-50 кг. Настарш лекха ю цуьнан. ГӀорта еха ю, корта жима бу. ЦӀога доца ду. Лергаш деха ду. МаӀаш Ӏаьржа а нисса ирахъяхна, йоьхьигаш цӀеххьана тӀиэхьа йирзина а ю. Стечу масаран маӀаш кегийро ю. Масаран бос таьӀно хьаьрса бу. КӀесаран кӀог тӀера букъ тӀоьхула Ӏаьржа сиз доьду. Шина а агӀор белаш тӀера чукӀела кхаччалц Ӏаьржа томмагӀа ду цуьнан. ЧукӀело мекханан басахь можа ю. Корта а, лаг а можа ду. Хьаьжаюккъера кӀай а хеталуш. Лерга юххера дуьйна бета йисте кхаччалц Ӏаьржа шиъ сиз ду цуьнан дехьий, сехьий.
 
* Ӏай масаран бос хийцало. КӀесаран кӀаг а, тӀоьхулара гӀорта а, чукӀелара а, тӀиэхьа пӀендаршкара а хьаьрса, пханаршкара Ӏаьржа хуьлу иза, Ӏаьнан заманчохь. Чо морса а, беха а, буькъа а бу цуьнан. Ӏай кхин а бах а ло, букъ а ло цуьнан чо.