ГӀаргӀули — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[File:Grus_grus_5_(Marek_Szczepanek).jpg|250px|thumb|right|Ǵaraǵuli]]
'''Ǵaraǵuli''', '''ГIарагIули''' — ( ''en.'' Common Crane, Grus grus ). Оьрсаша гIарагIулих "Журавль" олу. Хаза а, доккха а, когаш тIехь лекха а олхазар ду иза. БIаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могIанаш дина схьаоьхчу гIарагIулин гIеранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш гIоргIачу декаро адамийн дегнашка бIаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дIакхелха гIарагIулеш. Екхначу стиглахь Iаламан исбахьа сурт хIоттадо могIанаш хуьйцуш йоьдучу гIарагIулин гIерано а, церан зевнечу аьзнаша а.
 
*ГIарагIулин зIок нийса а, еха а, ира а ю. ГIортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. ЦIога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш. ГIарагIулеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар дIай-схьай кхелхаш ду. БIаьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йогIу уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. ГIарагIулин коьрта туьтан тIехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа гIарагIули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю тIеман йоьхьигаш Iаьржа а йолуш. Цуьнан лаг а Iаьржа ду, бIаьрга тIера охьа шина а агIор кIайн сиз а долуш. И шиъ сиз гIорта кхаччалучохь букъ тIехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна тIиэхьа цIиэ тIеда бу цунна. Когаш Iаьржа бу.