ГӀаргӀули — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
ж r2.5.2) (робот тIетоьхна: frr:Kraaneken; косметические изменения
МогӀа 1:
[[FileСурт:Grus_grus_5_(Marek_Szczepanek).jpg|250px|thumb|right|Ǵaraǵuli]]
'''Ǵaraǵuli''', '''ГIарагIули''' — ( ''en.'' Grus grus ). Оьрсаша гIарагIулих "Журавль" олу. Хаза а, доккха а, когаш тIехь лекха а олхазар ду иза. БIаьста яьлча, апрель беттан деношкахь, вайна го стиглахь могIанаш дина схьаоьхчу гIарагIулин гIеранаш. Церан зевне а "къар-р-р-р! Къар-р-р-р!" бохуш гIоргIачу декаро адамийн дегнашка бIаьстенан бовха кхаъ бахьа. Гуьйранна сентябрь кхилбехьа бовхачу махка юха дIакхелха гIарагIулеш. Екхначу стиглахь Iаламан исбахьа сурт хIоттадо могIанаш хуьйцуш йоьдучу гIарагIулин гIерано а, церан зевнечу аьзнаша а.
 
* ГIарагIулин зIок нийса а, еха а, ира а ю. ГIортош еха ю. Настарш лекха а, юткъий а ю цуьнан. ЦIога доца ду, месаш охьайирзина кхозуш а йолуш. ГIарагIулеш ялх тайпана ю вайн мехкашкахь. Церан дахар дIай-схьай кхелхаш ду. БIаьста бовхачу мехкашкара къилбаседехьа хьала йогIу уьш, гурахь къилбехьа бовхачу мехкашка юха йоьлху. ГIарагIулин коьрта туьтан тIехь мас йоцуш меттиг ю. Нилхха чо а болуш. И ялхе а тайпа гIарагIули шен-шен беса ю. Масала, уггаре а йоккханиг мокхачу басахь ю тIеман йоьхьигаш Iаьржа а йолуш. Цуьнан лаг а Iаьржа ду, бIаьрга тIера охьа шина а агIор кIайн сиз а долуш. И шиъ сиз гIорта кхаччалучохь букъ тIехь вовшаххоттало. Коьртан туьтанна тIиэхьа цIиэ тIеда бу цунна. Когаш Iаьржа бу.
 
* ГIарагIулин яхар тундрехь хьаннашкахь а, буц-аренашкахь а лаьмнашка кхаччалц ду. Боьршан, стен шиъ цхьана хуьлу гIарагIули. Баннаш дечу хенахь гIеранаш хуьлу церан. Хиш, Iаьмнаш долчу меттехь совцу уьш. Баннаш лаьттахь до цара бацах, кхин йолчу соьналлехь, оьрзалахь а, шач йолчу тоьлгашкахь а, диттан кондаршлахь а. ХIоа шиъ до гIарагIулино, вайн цIерачу котаман хIоьан кепехь. Баьццаро бос а бетталуш, цIиэ тIедарчий а долуш хуьлу цуьнан хIоьаш. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху цо. ЧIогIа ларлуш Iедал ду гIарагIулин. Адам аьттехьа гIоьртича бенара гIоттий дIайоьду иза. ТIома гIаьттина йоьдучу хенахь дIаяхйина гIорта а, тIиэхьаша дIахецна ши ког а цхьана могIара нисбо цо. Цундела хIавао доьхьало яр кIезиг ду. Баннаш дечу хенахь масех гIарагIули цхьана а кхетий рогI-роггIана охьахууш, хьалагIоттий кхиссалуш, тIемаш охьа а охкадой маьхьарий хьоькхуш "хелхар" до цара. ГIарагIулин даар борц а, горох а, кIа а, бецан хIу а, бецан соьналлаш а, садолу хIуманаш а, цхьацца акха стоьмаш а ду. Ал-басахь а, кIай а, Iаьржа а хуьлу гIарагIулеш. Iаламан хазна еш уьш хиларе терра гIарагIулеш ларо декхар ду адамийн.
 
<gallery>
МогӀа 14:
 
== Ḣaźa. qin ==
* [[Vayn mahkan olhazarş]]
 
== Bilgaldaqqar ==
МогӀа 21:
== Ḣaźorigaş ==
 
[[CategoryТоба:Оlhazarş]]
 
[[Category:Оlhazarş]]
 
[[af:Kraanvoël]]
МогӀа 40 ⟶ 39 :
[[fi:Kurjet]]
[[fr:Gruidae]]
[[frr:Kraaneken]]
[[fy:Kraanfûgels]]
[[ga:Grús]]