Лаьхьарчий дуу аьрзу — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж Гlаролла дина агlо «Láh́arçiy duu árzu» ([edit=autoconfirmed] (хан чаккхе йоцуш))
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[File:Zoo_8.jpg|250px|thumb|right|Láh́arçiy duu árzu]]
'''Láh́arçiy duu árzu, Лаьхьарчий дуучудуу аьрзу''' — (en. ''Short-toed Eagle''), (оьрсаша "''Змееяд''" олу), Дехийра тIемаш а долуш, боккха корта а болуш олхазар ду иза. Букъ Iаьржа бу цуьнан, моккха бос а бетталуш. ЧукIело кIай ю Iаьржа хийцалуш томмагIнаш а долуш. ТIемийн йоьхьигаш а Iаьржа ю. Цуьнан цIоганан дохалла 3-4 сиз ду. БIаьргаш можа а, баккхийра а бу. Месаш нилха а до долуш а ю. ТIемаш дIай-схьай даржичи I,8 м.
 
*И тайпа аьрзунаш ю Европан декъехь а Къилбаседехьа Ленинграде а, Рыбинске а, Казани а кхаччалц, Сибрехьа къилбаседа-малхбузехьа кхаччалц болчу мехкашкахь а, Юккъерчу Азехь а, Кавказехь а, Закавказехь а, дозанал дехьа къилбехьа Европехь а, Африкехь а къилба-малхбузехьа Азехь а. Вайн Нохч-ГIалгIайн республикехь и тайпа аьрзунаш ю ламанца а, лаха аренашкахь а, хьаннийн хотешкахь а, хин тогIешкахь а. Баннаш нилха синтарш а дохкуш , диттийн баххьашкахь до цара. Цхьа хIоа до апрель я май баттахь. Иза кIай хуьлу.