Конгрессан библиотека — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 43:
* ТӀом болуш, 1814 шеран [[август]]ехь Вашингтон ерриг аьлча санна ягийра ингалсхоша. Буха хӀума ца дуьсуш егира, чохь мехала жайнаш а долуш библиотека йолу, [[Капитолий (Вашингтон)|Капитолий]] а. [[Британин импери|Британин эскарех]] АЦШ коьрта шахьарах йисинарг мукъа яьккхинчул тӀаьхьа, Мэдисон омар делира библиотека метта хӀоттае аьлла. Экс-президент волу чӀогӀа [[библиофил]] хиллачу Джефферсона Конгрессе шен долара, тайп-тайпанчу меттанашкара, 6487 томах лаьтта гулам эца элира, иза цуо гулбинера шовзткъе итт шарахь сов, ишттаниг АЦШ оцу хенахь кхин бан а бацара. Америко тӀеийцира и кховдам. Мах хадийра 23 940 доллар. Оцу хенахь дуьйна «Конгрессан библиотека» цӀе а, «Джефферсонан библиотека» цӀе а цхьаъ хилира.
* [[1851 шо|1851 шарахь]] библиотекехь елира шолгӀа [[цӀе ялар|цӀе]], цигахь дегира Джефферсон Томасегара эцна жайнин доккхаха долу дакъа, 2/3 дерриг жайнин фондех, оцу хенахь цигахь егира 55 000 тайп-тайпана арахецарш. Шо даьллачул тӀаьхьа, библиотека меттахӀотто, пачхьалкхан бюджетара делира 168 700 доллар. Алсама дакъа оцу ахчанах библиотека тоеш дӀадахара.
* 1850-гӀа шерашкахь Конгрессан библиотеке битира [[министр]]аш а, цхьацца урхаллийн куьйгалхой а, [[АЦШ Лакхара суд|Лакхара суьдан]] декъашхой а, уггаре лераме (библиотеке богӀучерна хетарехь) [[политикан парти]]йн векалш а, АЦШ гӀарабевлла [[Ӏилманча]]ш а, [[яздархой]] а, американ уггаре баккхий [[МХГӀ]] [[журналист]]аш а.
 
== Билгалдахарш ==