Ӏалий ибн Абу ТӀалиб — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 35:
 
Вина [[хӀиджрат]]ал 22 шо хьалха (599—600 шераш) [[раджаб]] беттан 13-гӀа дийнахь [[Макка]]хь [[Къурайш|къурайший]]н тайпанан [[Бану ХӀашим]]ан некъийн коьртан [[Абу ТӀелип бин Ӏабдул-МуттӀелип|Абу ТӀалибан]] а, Фатима бинт Асадан а доьзалехь. Дукха хьосташ хоуьйту, Ӏела бен вац сийлахь [[КаӀбат]]ан<ref name="Britannica">{{cite news | title=ʿAlī (Muslim caliph)|publisher=[[Encyclopædia Britannica]]| url=http://www.britannica.com/EBchecked/topic/15223/Ali| lang=en}}</ref> чохь вина. Ӏелин да — Абу ТӀалиб хуьлура [[Мухьаммад]] пайхамаран {{С.Ӏ.в.}} ден [[ӀабдуллахӀ бин Ӏабдул-МуттӀелип|ӀабдуллахӀан]] нанас дена вина ваша. Да-нана деллачул тӀаьхьа, Мухьаммад {{С.Ӏ.в.}} масех шарахь кхийра девешийн доьзалехь. Шен рогӀехь, Абу ТӀалибанан гӀуллакхаш дакъазадевллачул тӀаьхьа, ткъа [[Хадижат бинт Хувайлид|Хадижат]] ялийначул тӀаьхьа Мухьаммадан {{С.Ӏ.в.}} гӀуллакхаш тоделлачул тӀаьхьа, цуо кхион схьаийцира шега Ӏела.
 
Ӏелин исс я итт шо долуш, цуо тӀеийцира ислам, цунах хилира дуьххьарлера бер а, боьрша стаг а ислам тӀеэцначех. Шен дахаран берриг Маккан муьрехь Ӏела гена ваьлла вац Мухьаммад пайхамарна {{С.Ӏ.в.}}. Мухьаммад пайхамар {{С.Ӏ.в.}} [[Меденат]]а кхалхале, меккахой гӀиртира иза виен. Зуламхой цуьнан цӀа чу бахча, царна цу чохь карийра Ӏела, ша верна кхерам боллушехь Мухьаммадан {{С.Ӏ.в.}} метта вижнера иза, зуламхойн терго яйархьама. Ткъа пайхамар оцу хенахь Медената новкъахь вара. Мелла а хан яьлча Ӏела а кхелхира Медената{{ИЭС+2007|sfn=1}}.
 
== Кхин хьажа ==