[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Ismael.Saduev диц ма де йоза билгалдина лакхара панелан тӀера викификаторан кнопка ( 1—Ӏ ) тӀетаӀян. Дала аьтта бойла!
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 20:
 
== Биографи ==
Исхьакъ пайхӀамаран ши кӀант вара Ӏайсу а, Якъуб а. Цунна Ӏайсу воккхах волу дера дукхавезара. Цхьана хенахь Исхьакъ къан веллера, бӀаьрса а дӀадаьллера. Цо Ӏайсуга аьллера шен цхьа даар да, Ӏайсу и кхочуш дан вахара. Церан нанас [[Рафикъатас]] шен Якъубе элира: «Хьайн дедега хӀара даар дӀало, хьо Ӏайсу ву моттийта цунна, цуьнан бедарш тӀе а йохий». Якъуб шен дена Исхьакъана тӀевеанера, Ӏайсух тара а велла. Исхьакъан иза Ӏайсу ву бохуш Ӏаш вара. Исхьакъ шек ваьллера и Якъуб волчух тера хетара цунна, амма Ӏайсу хир ву-кх иза аьлла Ӏад Ӏаш вара. ТӀаккха Ӏайсу а цӀа кхечира, цо ян аьлла йолу яахӀума а йохьуш. Исхьакъас элира цуьнга: «Ахьа суна яахӀума маяийра», «Дера цаяийра аса-м дада, ахьа хӀун дуьйцу?». ТӀаккха и шиъ кхийтира иза Якъуб хиллий. Ӏайсус чӀагӀо йира ша иза вуьйр ма ву аьлла. Рафикъатан цуьнан дагахь дерг а хиъна, Якъубе шен ваша [[Лабан]] волчу, «[[Вавилон кӀоште]]» дӀагӀо элира.
 
Иштта Якъуб шен даймахкара дӀавахара. Фаддан-Аран — олучу шен ненавеши юьртахь ваха дӀавахара иза. Лабанан йоккхах йолу йоӀ — [[Лия]], маре ялийра цо. ТӀаккха жимах ерг — [[Рахьиль]] а. Оцу шинна лай — [[Зальфа]] а, [[БальхӀа]] а йигира цо маре. Иштта кхойтта бер хилира цунна. Шен да дӀакхелхича юха КанӀане схьавеанера иза.