Толстой, Лев Николаевич — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
→‎ТӀеман карьера: clean up, replaced: медаль → мидал (3) using AWB
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 38:
}}
 
'''Лев Никола́евич Толсто́й'''<ref>Толстойс ша шен цӀе йоккхура «Лёв» аьлла. Иштта цуьна цӀе йоккхура цьуна зудчо а, кӀанта а В. Г. Чертков. Амма цуьна дукха болу доттагӀаш (Н. Н. Страхов, П. И. Бирюков, И. И. Горбунов-Посадов) цунах олура Лев Николаевич. Хьажа [http://feb-web.ru/feb/tolstoy/chronics/g63/g63.htm]</ref> ([[1828 шо|1828 шеран]] [[28 август]] ([[9 сентябрь]]), [[Ясни Поляна]], Тулан губерни, [[Российн импери]] — [[1910 шо|1910 шеран]] [[7 ноябрь]] ([[20 ноябрь]]), Астапово станци, Рязанан губерни, Российн импери) — массарал вевзашволучарах цхьаъ оьрсийн яздархо а, ойланча а. Цхьаболчара и лоруш ву дуьненахь массарал воккху яздархо ву санна<ref>[http://www.guardian.co.uk/global/2010/jan/06/leo-tolstoy-greatest-writer «Is Tolstoy the greatest writer of all time?»] The Guardian (London). January 6, 2010.</ref>. [[Севастополь]] ларъяран (1854—1855) декъашхо. Серлонча, публицист, динан ойланча. Цуьнан ойланаш бахьанехь «толстовство» олу керла дин доладелла. Паччахьан ӀилманӀилманан академин [[Член-корреспондент]] ([[1873 шо]]), исбаьхьа йозан сийлахь академик ([[1900 шо]])<ref name="Кольер">{{Жайна|автор = |Дакъа =Толстой Лев Николаевич |Хьажоргаш дакъа =http://enc-dic.com/colier/Tolsto-lev-nikolaevich-6464.html|корта =Энциклопедия Кольера |хьажорг = |жопделларг = |меттиг =Нью-Йорк |издательство =P. F. Collier & Son Company |шо =1921 |том =IX |агӀонаш = |isbn = }}</ref>.
 
Вехачу хенахь иза лерина оьрсийн литературан тхьамда. Цуьна кхолларалло йолийна оьрсийн а, дуьненан а реализмехь керла мур. Цуьнан кхолларала хилира XIX бӀешеран классикийн романан а, XX бӀешеран юкъахь шатайпа тӀай. Цо бина европера гуманизмана а, дуьненан литературехь йолчу реализман ламастана боккха Ӏаткъам. Цуьнан произведенишца дукха филмаш яьхна СССРхь а, кхечу пачхьалкхашахь а, цуьнан пьесаш дукха хIиттийна дуьненан сценашкахь.
МогӀа 255:
}}
 
Шен дагахь болу баланашна жоп кардан лууш иза керста дин Ӏамо волавелира. 1891 шарахь цо арахийцира Женевехь «Исследование догматического богословия». Иза мозгӀарашна а, баккхий нахана а тӀеоьхура, церца къамелаш а дора, динах лаьцна трактаташ а йошура. Керста дин кӀорге Ӏамадархьам цо шира грекийн а, шира жуьгтийн а меттанаш Ӏамабира. Иштта иза молоканаш а, штундисташа бечу хьемашна тӀехьакхиа гӀиртира. Дахаран меӀанан тӀехьакхиархьам цо философи а Ӏамайора, ӀилманӀилманан талламашна а терго йора. Иза вара шен дахарара шен ма-хуьллу совнах хӀумнаш дӀадаха гӀерташ, Ӏаламан улле хила лууш<ref name="ЭСБЕ" />.
 
Цхьа жим-жиммалц Тостойс хьал долчу нехан совнах хӀумнаш дитира. Цо дукха болх бора, беркъа бедарш лелайора, жижиг даар дитира, шен доьзале дӀаделира шен дерриг даьхне, шен литературан хьалан бакъонаш йитира. Оцу бух тӀехь кхоллабелира цуьнан литературан белхан кхозлугӀа мур. Оцу мурехь иза дуьхьула велира массо а йолуш йолу пачхьалкхан а, юкъараллин а, динан а дахарен агӀонан<ref name="ЭСБЕ" />.