Азербайджан — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 346:
[[Файл:Azerbaijan khanates all XVIII-XIX.png|thumb|220px|left|[[Чоьхьара Кавказ]]ан а, [[Иранан Азербайджан]]ан а ханаллаш, XVIII — XIX бӀешеран юьхьиг]]
XVIII бӀешо долалуш СефевидгӀеран империи юха а гӀелъелира, ерриг Азербайджан Иранца юха а схьаяьккхира туркоша. Керла Ӏусманийн оккупаци 6 шарахь бен ца лаьттира. Ӏусманашна дуьхьала хӀинца велира Иранан азербайджанийн субэтносан тобанера [[Афшараш|афшарийн]] тайпанах ваьлла баьчча [[Надир-шах|Надир-Кули хан Афшар]], тӀаьхьа Надир-шах, цуо чекхдаьккхира Сефевидийн некъийн урхалла.
 
СефевидгӀеран пачхьалкх йоьхначул тӀаьхьа Надир-шаха лаьхкира туркой-Ӏусманаш, кхин а алсама шорбира куьйгакӀелара мехкаш, 1739 шарахь яьккхира Къилбаседа ХӀинди, [[Дели]]ца цхьаьна. Амма Надир-шах веллачул тӀаьхьа цуо урхалла деш йолу импери юьйжира. Надир-шахан заманахь дуьйна Чоьхьара Кавказехь а, Иранан Азербайджанехь а кхоьллинера [[Азербайджанийн ханаллаш|шортта ханаллаш а, султанаташ а]] (коьртехь алсама азербайджанийн тюркийн мотт буьйцу некъий бара<ref>Tadeusz Swietochowski. Russian Azerbaijan, 1905—1920: The Shaping of National Identity in a Muslim Community. Cambridge University Press, 2004. ISBN 0-521-52245-5</ref><ref>Firouzeh Mostashari. On the religious frontier: Tsarist Russia and Islam in the Caucasus. I.B. Tauris; New York, 2006. ISBN 1-85043-771-8</ref>), уьш гӀертара маршоне. ГӀийла [[ЗендгӀар|Зендийн]] некъийн заманахь уьш маьрша ю ала мегар дара, амма [[XIX бӀешо|XIX бӀешераш]] долалуш Иран юха а цхьаьнатуьйхира тюркийн тайпанан [[Къаджараш (къам)|къаджарийн]] тхьамдано [[Ага Мухьаммад Шах Къаджар|Ага-Мухьаммад-хана]]. Иранан Азербайджанан ханаллаш дӀалецира Къаджарийн Ирано, Чоьхьарчу Кавказан ханаллашшайн маршо Ӏалашйира, царех шимма, Кубин а, Карабахан а, куьйгакӀела ялийра дукхаха йолу ханаллаш. 1796 шарахь Малхбален Чоьхьара Кавказе чудаьхкира оьрсийн эскарш, цара яьккхира Бакох а, Талыш а, амма сихха арабехира; Бакох юха а яьккхира 1806 шарахь керла [[Оьрсийн-гӀажарийн тӀом 1804—1813|оьрсийн-гӀажарийн тӀамехь]].
 
=== Азербайджанан кӀошташ ===