Латинан мотт — Версийн башхалла

14 байт тӀетоьхна ,  3 бутт хьалха
Нисдарах лаьцна яздина дац
Классикан латина кхетадо [[литературан мотт]] бохург маьӀнехь, [[Цицерон]]ан (вайн эрал 106—43 шо хьалха) а, [[Цезарь|Цезаран]] (вайн эрал 100—44 шо хьалха) а, [[Публий Вергилий Марон|Вергилийн]] (вайн эрал 70—19 шо хьалха), [[Гораций]]н (вайн эрал 65—8 шо хьалха), [[Овидий]]н (Вайн эрал 43 шо хьалха — 18 шо) прозаикийн кхолларшкахь а, поэтийн кхолларшкахь а иза кхаьчна уггар чӀогӀа къаьсташ хиларе а, синтаксисан нийсоне а.
 
Классикан латинан мотт кхоллабаларан а, къагаран а мур Румах Дуьненаюккъера хӀорд йисттера уггар йоккха пачхьалкх хиларх доьзна хилла, цара шайн Ӏедалан куьйгакӀела балийна шуьйра мехкаш [[Европа]]н малхбузехь а, къилба-малхбалехь а, къилбаседан [[Африка|Африкехь]] а, [[Жима Ази|Жимачу Ахехь]] а. Руман пачхьалкхан малхбален провинцешкахь ([[ГрециЖелтойчоь|ГрецехьЖелтойчохь]], Жимачу Азехь, Африкан къилбаседан бердйистехь), уьш румхоша схьабохучу хенахь, шуьйра баьржина бара [[грекийн мотт]] а, лакхара тӀегӀанехь кхиина грекийн оьздангалла а, цундела латинан мотт дика ца баьржира цигахь. БӀостанехьа дара гӀуллакхаш малхбузан Дуьненаюккъера хӀорд йисттехь.
 
Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш латинан мотт коьрта Италийн берриг мохк тӀехь хилла цаӀара, официалан пачхьалкхан мотт санна, чубаьржа румхоша къарйинчу [[Пиренейн ахгӀайре]]нан а, хӀинцалера къилбан [[Франци]]н а областашка. Румхойн салташкахула а, йохк-эцархошкахула а латинан мотт шен къамелан кепара карабо меттигерчу бахархойн массашна, схьабаьхначу махкашкахь [[Романизаци|романизаци]] яржаярехь иза уггар эффект йолу гӀирс хуьлу. Цу тӀе уггар жигара романи мотт тӀеоьцу уллора румхой лулахоша — [[Галли|Галлехь]] (хӀинцалера Францин, [[Бельги]]н, [[Нидерландаш|Нидерландин]] а, [[Швейцари]]н цхьацца дакъошкара мехкаш) баьхна [[кельташ]]. Румхой Галли яккха буьйлабелла вайн эрал хьалхара II бӀешеран шолгӀачу декъехь, схьаяьккхира вайн эрал хьалхара 50-гӀа шераш чекхдовлуш, [[Юлий Цезарь|Юлий Цезарь]] баьчча волуш дехха тӀемаш динчул тӀехьа ([[Галлин тӀом|вайн эрал хьалхара 58—51 шерашкара галлийн тӀемаш]]). Оццу хенахь румхойн эскарш уллера уьйре довлу [[Рейн (хи)|Рейнан]] малхбалехьа шуьйрачу кӀошташкахь дехачу [[Шира германхой|германхойн тайпанашца]]. Цезарь иштта шозза воьду [[Йоккха Британи (гӀайре)|Британе]], амма и йоцачу хенахь йинчу экспедицеш (вайн эрал 55—54 шо хьалха) ца хилира тӀехьало йолуш румхойн а, меттигерчу кельтийн а юкъаметтигашна. Цул тӀаьхьа 100 шо даьлчи, 43 шарахь бен, [[Британи румхоша яккхар|Британи ца яьккхира]] румхойн эскарша, уьш цигахь бисира 407 шо кхаччалц. Иштта, пхеабӀешарахь гергга, 476 шарахь [[Падение Римской империи|Руман империи йожжалц]], цигахь дехаш долчу Галлин а, Британин а тайпанашна а, ткъа иштта германхошна а боккха Ӏаткъам бо латинан меттана.