Италин-туркойн тӀом — Версийн башхалла

6 байт дӀаяьккхина ,  2 бутт хьалха
 
{{Африка колонешка екъар}}
{{Италин-туркойн тӀом}}
'''Италин-туркойн тӀом''', я '''Туркойн-италин тӀом''', кхин а бевза Италехь '''«Ливин тӀом»''' ({{lang-it|Guerra di Libia}}) аьлла, ткъа Туркойчохь '''«Триполин тӀом»''' ({{lang-tr|Trablusgarp Savaşı}}) аьлла — 1911 шеран 29 сентябрера 1912 шеран 18 октябрь кхаччалц (386 де) хилла [[Италин паччахьалла (1861—1946)|Италин паччахьаллин]] а, [[Хункар-мохк|Хункар-мехкан]] а юкъара тӀом. Италис схьабаьккхина ӀусмананХункар-мехкан империн областашрегионаш [[Триполитани]] а, [[Киренаика]] а (хӀинцалера [[Ливи]]н мохк), ткъа кхин а грекийн мотт буьйцу архипелаг [[Додеканес]] (цунна юкъахь [[Родос (гӀайре)|Родос гӀайре]] а).
 
И тӀом шен масштабашца [[Дуьненан хьалхара тӀом|Дуьненан хьалхарчу тӀемца]] буста мегар дацахь а, иза хилира цунна тӀе некъ баьккхинарг, хӀунда аьлча цуо национализм айира балканан пачхьалкхашкахь. ТӀамо гайтира туркойн эскаран ледарлонаш, Хункар-мехкан хала хьал гуш, [[Балканан барт]]ан декъашхой [[Балканан тӀемаш|тӀелетира цунна]], Италин дуьхьала долу тӀемаш чекхдовлале. Италин-туркойн тӀамехь дуьххьала лелийра тӀеман-техникан прогрессан керла кхиамаш: [[радио]], [[авиаци]], [[Бронеавтомобиль|бронеавтомобилаш]].