Бекер, Алисон — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 50:
[[Файл:Bra-Cos (4).jpg|thumb|190px|left|Алисон [[Футболех ловзаран Бразилин гулйина команда|Бразилин гулйина командин]] юкъахь]]
Алисон — кхиийна «[[Интернасьонал]]» клубо. 2013 шеран 17 февралехь [[Лига Гаушу|Гаушу лигин]] матчехь [[Порту-Алегри]]н «[[Крузейро (футболан клуб, Порту-Алегри)|Крузейрон]]» дуьхьала цуьнан дебют хилира коьртачу командехь<ref>{{cite web|url=http://int.soccerway.com/matches/2013/02/17/brazil/gaucho-1/cruzeiro-porto-alegre/sport-club-internacional/1409116/|title=Крузейро Порту-Алегри VS. Интернасьонал 1:1|publisher=soccerway.com|date=2013-02-17|lang=en}}</ref>. 25 августехь «[[Гояс (футболан клуб)|Гоясан]]» дуьхьалчу къовсамехь Алисона дебют йира [[Футболех ловзаран Бразилин чемпионат (A сери)|бразилин A серехь]]<ref>{{cite web|url=http://int.soccerway.com/matches/2013/08/25/brazil/serie-a/sport-club-internacional/goias-esporte-clube/1463848/|title=Интернасьонал VS. Гояс 3:3|publisher=soccerway.com|date=2013-08-25|lang=en}}</ref>. 2015 шарахь, [[Дида (кевнхо)|Дидас]] карьера чекхъяьккхинчул тӀаьхьа, цунах хилира командин коьрта кевнхо. «Интернасьоналан» юкъахь Алисона кхузза туьйлира Гаушу лигехь.
 
2016 шеран аьхка Бекер вахара [[Итали|Италера]] «[[Рома (футболан клуб)|Ромин]]» юкъа. 2016 шеран 17 августехь [[УЕФА Чемпионийн лига 2016/2017. Квалификаци|Чемпионийн лигин квалификацин]] матчехь [[Португали]]н «[[Порту (футболан клуб)|Портун]]» дуьхьала Алисонан дебют хилира «берзлошна»<ref>{{cite web|url=http://int.soccerway.com/matches/2016/08/17/europe/uefa-champions-league/futebol-clube-do-porto/as-roma/2329804/|title=Порту VS. Рома 1:1|publisher=soccerway.com|date=2016-08-17|lang=en}}</ref> юкъахь. Шен хьалхара шо румхошна юкъахь Алисон чекхдаьккхира командин шолгӀа кевнхо волуш, хуьйцура «берзлойн» коьрта голкипер [[Щенсный, Войцех|Щенсны Войцех]] Италин кедан а, Европин лигин а матчашкахь. Щенсны «[[Ювентус]]» юкъа вахча Бекерах командин коьрта кевнхо хилира. 2017 шеран 20 августехь «[[Аталанта (футболан клуб)|Аталантин]]» дуьхьала матчехь цуьнан дебют хилира [[Футболех ловзаран Италин чемпионат|италин А серехь]]<ref>{{cite web|url=https://int.soccerway.com/matches/2017/08/20/italy/serie-a/atalanta-bergamo/as-roma/2538777/|title=Аталанта VS. Рома 0:1|publisher=soccerway.com|date=2017-08-20|lang=en}}</ref>. «Берзлошна» юкъахь коьрта кевнхо хилла, Алисона сихха гайтира кевнашкахь ловзаран лакхара тӀегӀа, командин гӀодира дуьхьало чӀагӀъян. 2017/18 шарахь румхой чӀагӀбелира италин чемпионатан таблицан буьххьехь, кхоалгӀа меттиг яьккхира, ткъа Бекер къобал вира А серин уггаре дика голкипер аьлла, 37 матчехь 28 буьрка бен чу ца ягӀийтира (шолгӀа гайтам «[[Ювентус]]ал» тӀаьхьа). Амма шеран коьрта кхиам хилира шен исторехь клуб Чемпионийн лигехь шозлагӀа ахфинале ялар. Турниран дукхаха йолчу матчашкахь Бекера гайтира тешаме ловзар, ткъа цӀерачу матчехь мадридан «[[Атлетико Мадрид|Атлетикоца]]» иза къобал вира матчан уггаре дика ловзархо. Кхин а Бекер билгалвелира дикачу ловзарца лондонан «[[Челси (футболан клуб)|Челсин]]» а, донецкан «[[Шахтёр (футболан клуб, Донецк)|Шахтёран]]» а дуьхьалчу цӀерачу матчашкахь. Мелла а чолхе хилира шина матчан дуьхьало «[[Барселона (футболан клуб)|Барселоница]]» чийрикфиналехь Чемпионийн лигехь, хьалхара матчехь [[Камп Ноу]]хь Бекера чутохийтира йиъ буьрка (цу тӀе царех шиъ — автогол [[Де Росси, Даниэле|Де Росси]] а, [[Манолас, Костас|Манолас]] а), ткъа шолгӀачу матчехь [[Стадио Олимпико]] тӀехь Бекера аьттонца лардира шен кевнаш, ткъа команде ян елира камбэк, дехьаелира Чемпионийн лигин ахфинале. Ахфиналехь «Ливерпульца», Бекер чуяхийтира ерриг ворхӀ буьрка, пхиъ царех туьйхира хьалхарчу матчехь [[Энфилд (стадион)|Энфилд]] тӀехь. Турнир чекхъяьлча, Бекер юкъавахара 2017/18 шеран Чемпионийн лигин символан гулйина командин.
 
{{Арахьара хьажоргаш}}