Консерватизм — Версийн башхалла

1797 байт тӀетоьхна ,  2 шо хьалха
Нет описания правки
== Консерватизм кхоллаялар ==
Ингалсера консерватизм, тӀаьхьа [[Тори (политикин философи)|торизм]] ала долийна, кхоллаелла [[СтюартгӀара ЮхаметтахӀоттор|ЮхаметтахӀотторан (1660—1688)]] муьрехь. Цуьнан бух бара адамийн юкъараллера тӀегӀанан тӀехь лаьтташ, ткъа коьртехь лаьтта цхьан доза а доцуш Ӏедал карахь долу монарх (моно – цхьаъ, арх – урхалла дар). Амма, шен коьрта Ӏалашо урхаллин а, паргӀатонан эхь-бехкаллин а конституцин кепаш хилла йолу [[Сийлахь революци]]с, далийра торизман кхечу формуле. ХӀинца торизман бух бу кхаа тӀегӀанехь чӀагӀйина суверенитет: паччахьан доьзал, [[лордийн палата]], [[юкъараллин палата]].
 
Консерватизм кхиина [[роялисташ|роялизмах]], орамаш тесира Ингалсахь ЮхаметтахӀотторан муьрех. Роялисташа гӀолоцура абсолютан монархин, цара кхиайора паччахьан Ӏедал делера хиларан теори. Цара къобал дора британин маршо а, парламентаризман ламасташ а, дӀатоттура суверенитет парламентан Ӏедалах яларан теори, цуо паччахьо санна, дерриг халкъ ца гойтура, дин лелоран маршо а ца лора. [[Ингалсан революци|Ингалсара гражданийн тӀом]] болабалале [[Филмер, Роберт|Филмер Роберта]] язбира болх «Патриарх: я паччахьийнедал», иза хилира церан доктринин формула. [[Сийлахь революци]]л тӀаьхьа, 1688 шарахь, тори санна бевза консерватораш, къобал дира, суверенитет кхаа тӀегӀанех латтар. Амма ехачу хенахь [[виги]]йн урхаллехь британин консерватизм дӀахилира генарчу плане. Коьрта политикин ницкъ юхабеира хӀинца 1830-гӀа шерашкахь [[Консерваторийн парти (Йоккха Британи)|консерваторийн парти]] аьлла цӀе хийцина, цуо шена чохь цхьаьнатуьйхира аристократийн а, базаран капиталистийн а чолхе барт.
 
== Билгалдахарш ==