Акха цициг — Версийн башхалла

[талланза верси][талланза верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж робот тIетоьхна: az:Adi vaşaq
жНисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 1:
[[Сурт:LynxInNumedal.jpg|thumb|250px|Акха цициг]]
Доккхачу акха цицигах '''Акха цициг''', '''ЦӀокъа''' ({{lang-ru|Рысь}}) олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегӀ а долуш экха ду иза. ЦӀога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегӀан дохалла 80-100 см. ЦӀога 20-30 см. Шина а агӀор беснеш тӀехь маж ю цуьнан. Лергаш тӀехь ирах дахана чоьш ду, маӀаш санна хеталуш. ТӀера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. ЧукӀело жимма сирла ю. Жимма Ӏаьржа тӀедарчи ду цуьнан букъ тӀехь а хенаш тӀехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тогӀешкахь хуьлуш ду акха цициг.
 
Ижонна таллар буьйсанна ду акхачу цициган. Дийнахь дӀалечкъа иза диттийн баххьашкахь тӀулгийн чхернашкахь, боьрнашкахь. Вуно атта дитта тӀе хьаладолу иза. Цо олхазарш а, дехкий а доу. Оре дар февраль баттахь ду. КӀорни 2-3 йо. Пхеана тӀе кхаччалц еш меттиг а хуьлу. КӀорнеш йинчу хенахь са ца гуш бӀаьрзе хуьлу. БӀаьраса 12-чу дийнахь догӀу царна, Дас а нанас а до царна дола. Шина шарахь кхуьу кӀорнеш.