Билаонов, Павел Семёнович — Версийн башхалла

Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
«Билаонов, Павел Семёнович» агӀо гочярца кхоьллина
(башхалла йац)

Верси 2020, 29 октябрь, 20:55

Павел Семёнович Билаонов (1919 шеран 17 октябрь, Христиановское юрт (х1инца Дигора) — 1996 шеран 28 май, Киев) — советан эпсар, Советски Союзан Турпал, генерал-лейтенант (21.02.1969).

Билаонов, Павел Семёнович
Вина терахь 1919 шеран 17 октябрь({{padleft:1919|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1996 шеран 28 май({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж инарла-лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ

Сийлахь-Боккха Даймехкан т1ом хенахь 2-г1а Украинан фронтан 40-г1а армин 133-г1а кхиссархойн дивизин 681-г1а кхиссархойн полкан командир, гвардин подполковник.

Биографи

 
Киевехь долу Билаонован каш.

Вина 1919 шеран 17 октябрехь Христиановски юртахь (хийнца Дигора г1ала, Къилбаседан ХӀирийчоь). Цо чекхъяккхира Бурит1ера №5 йолу юккъера школа. И чекхъяккхча цо болх бира «Электроцинк» заводехь.

1937 шарахь иза д1акхайкхира Ц1ен Эскира. 1939 шарахь цо чекхъяккхира Бурит1ера эскеран г1ашсалтийн доьшийла. Цул т1ехьа иза вара Ейскехь пулемётийн взводан командир.

1942 шеран апрель дуьйна иза фронтехь ву. Цо т1ом бира Сталинградски а, 2-г1а Украински а фронташкахь. 1942 шо дуьйна иза КПСС декъашхо ву.

Билаоновс Сталинградски т1амехь жигара дакъа лецира. 293-г1а кхиссархойн дивизин штабан эпсар волуш цо жигара дакъа лецира Громки а, Илларионовски а юрташ парг1ат йоккхуш. Т1аккха танкийн десантан коьртехь иза вара Платонов а, Голубински а, Верхняя Бузиновка а юрташ схьайоккхуш. Оцу т1амехь Билаонован дакъас х1аллаквира 300 мостаг1ийн салтий а, схьалецира 1200 салтий а, эпсар а, 17 йоккха топ а, 60 маше а.

1942 шеран декабрехь Билаонов х1оттийра кхиссархойн полкан штабан куьйгалхо. Цул т1аьхьа дукха хан ялале иза х1оттийра цу полкан командир. Оцу полкан Билаонов коьртахь волуш цуьнан полкас дакъа лецира «Пхи курган» ц1е йолу схьайоккхуш. Мостаг1ан доккха зен динера. Билаонован чолхе чевнаш йинера, амма иза мостаг1а эшаваллалц госпитале д1а ца вахара.

1944 шеран 24 мартехь Билаонов коьртехь волу 681-г1а кхиссархойн полкас хьалхарчарна юкъахь Винницки областин Липчаны юртан уллехь Днестран дехьа а елира, масийтта нах беха меттиг а схьа а яккхира. Цхьана дийнахь полкас х1аллак йира 3 танк а, 60 герзах йоттина маше а, схьалецира 150 фашист а.

1944 шеран 13 сентябрехь цунна елира Советски Союзан Турпалан ц1е.

1950 шарахь цо чекхъяккхира Фрунзе ц1е йолу Эскаран академи, 1961 шарахь — Генеральны штабан Эскаран академи, 1969 шарахь — Лакхара академически курсаш. 1961 -1965 шерашкахь иза вара Прикарпатски эскаран округан 8-г1а танкийн армин куьйгалхон когаметтаниг. 1971 шарахь иза хержира Украинан ССРн Лакхара Советан 8-г1а гуламан депутатан. 1968-1974 шерашкахь иза вара Прикарпатски эскаран округан 38-г1а армин куьйгалхо.

1980 шо дуьйна П. С. Билаонов отставкехь вара. Иза Киевехь 1аш вара. 1996 шеран 28 майхь иза велира. Д1авоьллира Киевехь Лукьяновски эскаран кешнашкахь.

Совг1аташ

  • Ленинан орден (1944 шеран 13 сентябрь);
  • Шиъ Ц1ен Байракхан орден (1943 шеран 2 апрель; 1944 шеран 28 август);
  • 3-г1а даржан Суворован орден (1945 шеран 25 январь);
  • Даймехкан т1еман 1-г1а даржан орден (1985 шеран 11 март);
  • кхоъ Ц1ен Седан орден (1943 шеран 28 февраль; 1953 шеран 20 апрель; 1967 шеран 22 февраль);
  • мидалш.

Дагахьлаттавар

Билаонован ц1е тиллина Дигора г1алахь болу урам. Циггахь Силаллийн Аллейхь цунна х1оттийна х1оллам.

См. также

  • Список Героев Советского Союза (Северная Осетия)

Билгалдахарш

Литература

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Муриев Д. С. Осетии Отважный сыны. — Орджоникидзе: Северо-Осетинское изд., 1974

Хьажоргаш

  Билаонов, Павел Семёнович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».