Оздоев, Мурад Ахмедович — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж викификаци
МогӀа 3:
 
== Биографи ==
Вина 1922 шеран 10 мартехь [[Несара|Несарехь]]. Школа чекхъяккхинчултӀехь цо болхбира [[Соьлжа-ГӀала|Соьлжа-ГӀалан]]н предприятешкахь. Цо чекхъяккхира Соьлжа-гӀалан аэроклуб.
 
1940 шо дуьйна иза вара ЦӀен эскарехь. 1941 шарахь цо чекхъяккхира Армавиран эскаран авиашкола.
МогӀа 11:
1944 шеран 25 январехь Псковски областин Новосокольнически кӀоштехь цуьнан кема чудаийтир. ТӀаккха цо шен кема мостагӀийн эшелонан тӀе а хаьжийн ша парашютаца чукхоссавелира. Цунна чевнаш йинера. Иза кхетамчохь воцуш немцош схьалецира. Немцош иза Малхбале Пруссехь а, Чехословакехь а концлагерашкахь Ӏавийра. Шозза иза цигар вада гӀиртира. 1945 шеран 8 майхь и чохь волу лагерь совета эскараш схьаяккхира.
 
Оздоеван кема чудогӀуш гина накъосташ иза вина элира шайн хаькимашка. Цара кехаташ кечдира Оздоевна Советски Союзан Турпал цӀе тилла еза аьлла. Амма 1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀера бахар доладелира. И бахьнехь Оздоеван и цӀе ца тиллира. Ша паргӀатваьлча Оздоев шен полке веара. Цуьна накъосташна и дина хиларах боккха кхаъ хиллера. Иза шен даржеш метта а хӀоттийра, звенон командир а вира. Амма 1946 шеран январехь пачхьалкхан кхерамзаллийн органаш иза балхар дӀа а веккхина шен доьзалла болчу Казахстанан [[Акмолан область|Акмолинск областе]] дӀахьажийра. 1957 шарахь иза Несара цӀавеар.
 
1995 шеран 8 майхь Оздоеван Российн Федерацин Турпалан цӀе елира.
 
== Доьзалла ==
К1ентаКӀента к1анткӀант Магомед Оздоев (вина 1992 шарахь), российн футболист, полузащитник, Российн гулйина тобанан ловзархо<ref>{{Cite web|author=|url=https://sport24.ru/news/football/2020-05-06-dedushka-poluzashchitnika-zenita-magomeda-ozdoyeva---geroy-velikoy-otechestvennoy-voyny---nagrady-zaslugi|title=Дед зенитовца Оздоева — летчик, не знавший страха. История «сталинского сокола» Мурада Оздоева|lang=|publisher=|date=2020-05-06|accessdate=2020-05-09}}</ref>.
 
== СовгӀаташ ==