[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 25:
 
Лакхара саргӀалан Дуьненан гомалла бахьнехь инзаре эффект хила тарло. Нагахь зӀаьнарийн саттар цхьабосса хуьлий Дуьненан гомаллица, серлонан зӀаьнарш лелало гена, иза бахьнехь тергончина анасизал дехьа йолу геннара объекташ го. Цуьнан терго йина тептар тӀе дӀаяздина дуьххьара 1596 шарахь, оцу хенахь [[Баренц, Виллем|Баренц Виллеман]] куьйгаллера кема [[Къилбаседанан хӀордан некъ]] лохуш [[Керла Латта]] гӀайренаш долчохь шашна юкъахь дисинчу хенахь. Экипажан Ӏан дийзира [[полюсан буьйсе]] дӀаяллалц. Цу тӀе полюсан буьйса дӀаяьллачул тӀаьхьа Малх кхетар гуора ларбечулла а ши кӀира хьалха. 20-гӀа бӀешарахь бен оцу хиламах ца кхийтира<ref> Хотимский Д. А. К вопросу об эффекте Новой Земли и чести Геррита де Вейра // Вспомогательные и специальные науки истории в XX — начале XXI в.: призвание, творчество, общественное служение историка: Материалы XXVI Междунар. науч. конф. Москва, 14-15 апреля 2014 г. — М.: РГГУ, 2014. — С. 395—398. ISBN 978-5-7281-1595-3 </ref>, цунна цӀе тиллира «[[Керлачу Латтан эффект]]».
 
Ишттачу кепара, чӀогӀа генахь, анасизан тӀехула ган йиш йоцу кеманаш, анасизахь а, анасизал лакхахь а гучудовла тарло, лакхара саргӀалаш санна. Цуо кхето тарло хӀордан кеманаш тӀема довларх цхьацца истореш я бердан йисттера гӀаланаш стиглахь гар, уьш яздина цхьаболчу полюсхоша<ref>Использован сокращенный перевод [[w:en:Mirage|раздела о верхних миражах из английской части Википедии]]</ref>.
 
=== АгӀонан саргӀал ===
 
== Хьажоргаш ==