АЦШ гражданийн тӀом — Версийн башхалла

Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агӀо: «Американ Цхьанакхетта Штаташкахь Гражданийн тIом (инг. ''American Civil War'') – 1861-1865...»
(башхалла йац)

Верси 2020, 2 ноябрь, 13:07

Американ Цхьанакхетта Штаташкахь Гражданийн тIом (инг. American Civil War) – 1861-1865 шерашкахь Американ Цхьанакхетта Штаташкахь хилла тIом. Иштта а «Къилбаседан а, Къилбан а юккъахь тIом» олу цунах.

ТIом болабелира Къилбаседан цхьайтта штат Америкин Цхьаьнакхетта Штаташ чуьра араяла лаам болуш хиларна. Цара кхоьллира Американ Штаташан Конфедераци, доцца аьлча Конфедераци. Америкин Цхьаьнакхетта Штаташ урхалла а, цуьнан муьтӀахь хилла штаташах Барт (инг. the Union) олура.

Лолла дара т1еман коьрта бахьана. Лай бацабар даьржина дара Къилбан Штаташкахь а, Конфедераци чу йог1уш йолу 11 штаташкахь а. Амма Къилбаседан штаташкахь лолла магийна дацар. Лолла д1адаккха сацам бина волу Авраам Линкольн Америкин Цхьанакхетта Штаташан президент хаьржинчул т1аьхьа, Конфедерацин штаташ Барт чуьра арайовла г1оьртар. Бертан хетарехь, штаташан бакъо яцар д1акъаста. Лай бацабеш пхиъ штат йисира Бертахь. Царах «дозанера штаташ» олура. Хьалхара, Бертан т1амехь лолла д1аяккха 1алашо яцар. Дерриг 1862-чу шарахь хийцаделар.

1861-чу шеран 12-чу апрелехь Конфедерацин ницкъаш Къилбера Каролинехь Бертан эскаран карахь йолу Форт Саммер г1опан т1елатарца болабелира т1ом. Деа шарахь лаьттира тӀом. Къилбан доккха зенаш дира. 1862 шо кхаччалц къилбаседанан штаташкахь дара латарш. Ткъа 1862-гIа шарахь дуьйна къилбера штаташкахь.

Т1аьххьара толам баьккхара Барто. Цо толам баккхарца лолла д1аяьккхира массо а штаташкахь.