ШолгӀа дуьненан тӀом — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 7:
Лоруш ду, 11-гӀа Дуьненан тӀом болабелла 1939-чу шарахь тов-бецан-беттан (сентябран) 1-чу дийнахь Германи Польшан тӀелатарца. Цул тӀаьхьа 3-чохь Йоккхачу Британино а, Францино а Германин тӀом кхайкхийра. 1939 чакхенера 1941-чу шаре кхаччалц масийтта тӀеман кампани ярца а, вовшаца тӀом ца бан чӀагӀамаш барца а , Германино тӀамца долалле яккхира я ''контроле лаьцнера'' доккхаха долу континентан Европан дакъа. Германино Италица а, Японица а вовшахтуьхира ''«семанан Цхьаьнакхетар»''. Цул тӀаьхьа кхиъ алсам пачхьалкхаш еара ''Цхьаьнакхетаран'' декъе.
 
1939-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 23-чохь тӀелаьцна йолу Молотов-Риббентропан пактца Германино а, Советийн Бертано а йийкъира а, иштта аннекси йира шай европин лулахошна: Польшин а, Финляндин а, Румынин а, Балтийн пачхьалкхийн а. 1941-чу шарахь асаран-беттан (июнан) 22-чу дийнахь Германи Советийн Бертан т1елетарца схьайиллира ''Малхбалера фронт''. Иза исторехь уггаре йоккха лаьттахулара йолу т1еман ''театр'' санна лоруш ю.
 
Азин-Тийначу 1апказан регионехь коьртера хила лууш йолу Япони, 1937-чу шарахь Цийн Махкаца т1ом беш яра. 1941-чу шарахь г1уран-баттахь Къилба-Малхбалера Азин а, Тийначу 1апказан юккъерчу декъан а т1екхачарца, Япони цхьаназаманчохь тӀе а летира америкин а, Британийн мехкийн. Оцу муьрехь японхой '''Пёрл-Харборехь''' америкин флотна т1елетта хилла. Сийлахь-йоккхачу Британино Японин т1ом кхайкхинчул т1аьхьа, иштта кхайкхам бира Американ Цхьанатоьхначу Штаташ а. Т1аккха ''«семанан Цхьаьнакхетаран»'' чуйог1у европин пачхьалкхаш шайн ''декхарш кхочушдархьама'' Американ Цхьанатоьхначу Штаташна т1ом кхайкхо сацам т1еийцира.