ШолгӀа дуьненан тӀом — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 13:
Дукха хан ялале, Японино дӀалецира Тийначу Ӏапказан дуккхаха долу малхбузера дакъа. Амма 1942-чу шарахь '''Мидуэй йистехь''' Японин флотан даккхий зенаш дарца, цуьнан жигара болам сацийра. ТӀаьхьо Къилбаседера Африкехь а, Сталинград олучу шахьарехь а Германин а, Италин а эшам хилира.
 
1943-чу шеран бохамаш хиларна- масала Малхбален фронтехь Германин аьттоцахилар а, Коалици Сицилин а, материкан Италин а тӀелатар а, иштта Коалицино Тийна Ӏапказ дӀалацар а- «Семанан» паланаш юкъахъевллера, цул тӀаьхьа цера юхадовла дийзира. 1944-чу шарахь малхбузера Коалици Германино д1алаьцна йолу Франци чуеара. Цу хеннахь Советийн Барто шен ''территорийн дайарш'' юха а меттах1оттийра. Т1аккха Советийн Барт т1амца т1ебирзира Германин а, цуьнан бартхошна а.
 
1944-1945-чу шерашкахь Япони эшийра континентан Азехь. Оцу хеначохь Коалицино японийн флотан даккхий зенаш дира, иштта Тийначу 1апказан малхбузенан декъан а коьрта йолу г1айренаш д1алецира.
 
Европера т1ом а чекхбелира немцоша оккупаци йина латтанаш маьршадахарца а, Советийн Барт а, малхбузера бартхой а Германи чукхачарца, юха цуьнан нана-г1ала йожарца а''.'' Коалици Берлине чукхаьчча [[Гитлер, Адольф|ХIитлер Адольф]] ша-шена тапча тоьхна велира. 1945-чу шеран х1утосург-беттан (майан) 8-г1а де Германино юьззина капитуляци йина де ду.
 
1945-чу шарахь мангалан-беттан (июлан) 26-чохь бартхоша куьг яздира '''Потсдаман декларацина'''. Амма Япони юхаяла реза ца хилча а, Американ Цхьанатоьхначу Штаташ 1945-чу шеран хьаьттан-беттан (августан) 6-чохь Хиросиман а, 9-чохь Нагасакин а зарратан (атоман) бомбанаш йиттира.
 
1945-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 15-чохь Японино шен капитуляци д1ахьейира, цуьнан бахьанаш дара:
 
* «Даунфолл» операци кечъяр а;
* кхин тӀе зарратан бомбаш йетта кхерам хилар а;
* Японин дуьхьал Советийн Барто т1ом болабар а,  
* иштта хьаьттан (августан) 9-чохь Советийн Барт Маньчжурин т1елатар а.
 
Бартхоша цу хьокъехь шекойоцуш Азехь толам т1ечӀагӀбира. Т1ом чекхбаьллачул т1аьхьа Германи а, Япони а д1алецара. Ткъа немцойн а, японийн а хьалхабевлларш т1еман кхеле озийра. Коьртачу декъехь Грецехь а, Югославехь а зуламаш леладар, официалан кехаташца т1еч1аг1дина доллушехь а, амма дипломатин юкъаметтигаш хиларна, итальянийн лидершна а, генералшна а дуьхьалдаьхна бехкаш бух боцуш бу аьлла сацамбира кхело.