ШолгӀа дуьненан тӀом — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
жНисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 5:
Авицино доккха дакъа лаьцна хиллачу девнехь, масала гӀаланаш тӀе стратегин бомбанаш еттарехь а, зарратан герз кечдарехь а.
 
Лоруш ду, 11II-гӀа Дуьненан тӀом болабелла 1939-чу шарахь тов-бецан-беттан (сентябран) 1-чу дийнахь Германи Польшан тӀелатарца. Цул тӀаьхьа 3-чохь Йоккхачу Британино а, Францино а Германин тӀом кхайкхийра. 1939 чакхенера 1941-чу шаре кхаччалц масийтта тӀеман кампани ярца а, вовшаца тӀом ца бан чӀагӀамаш барца а , Германино тӀамца долалле яккхира я ''контроле лаьцнера'' доккхаха долу континентан Европан дакъа. Германино Италица а, Японица а вовшахтуьхира ''«семанан Цхьаьнакхетар»''. Цул тӀаьхьа кхиъ алсам пачхьалкхаш еара ''Цхьаьнакхетаран'' декъе.
 
1939-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 23-чохь тӀелаьцна йолу Молотов-Риббентропан пактца Германино а, Советийн Бертано а йийкъира а, иштта аннекси йира шай европин лулахошна: Польшин а, Финляндин а, Румынин а, Балтийн пачхьалкхийн а. 1941-чу шарахь асаран-беттан (июнан) 22-чу дийнахь Германи Советийн Бертан тӀелетарца схьайиллира ''Малхбалера фронт''. Иза исторехь уггаре йоккха лаьттахулара йолу тӀеман ''театр'' санна лоруш ю.
МогӀа 29:
 
Бартхоша цу хьокъехь шекойоцуш Азехь толам тӀечӀагӀбира. ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа Германи а, Япони а дӀалецара. Ткъа немцойн а, японийн а хьалхабевлларш тӀеман кхеле озийра. Коьртачу декъехь Грецехь а, Югославехь а зуламаш леладар, официалан кехаташца тӀечӀагӀдина доллушехь а, амма дипломатин юкъаметтигаш хиларна, итальянийн лидершна а, генералшна а дуьхьалдаьхна бехкаш бух боцуш бу аьлла сацамбира кхело.
 
II-чу дуьненан тӀамо хийцира дуьненан политикин а, социалан а дӀахӀоттам. Халкъашна юккъера цхьаьнагӀуллакхдар ч1аг1дарна а, т1ейог1учу заманашкахь тӀемаш ца хилийта кхоьллира [[Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхоллам|Вовшахтоьхна Къаьмнийн Организаци]]. Ткъа толам баьккхина йолу пачхьалкхаш- Цийн Халкъан Республика а, Франци а,  Советийн Барт а, Сийлахь-йоккха Британи а, Американ Штаташ а- цуьнан Кхерамзаллан Кхеташонан цахийцалун декъашхой яра.