Грамматика — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
жНисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 19:
* Айдардош
 
=== ЦӀердош ===
Х1ума билалъечу къамелан декъах ц1ердош олу. Цо жоп ло х1ун? мила? муьлш? бохучу хаттаршна, масала: некъ, говр, к1ант, белхало, лаьмнаш. Вайна ма-хаъара, ц1ердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало. Предложенехь ц1ердош, шен маь1не хаьжжина, подлежащи, кхачам, латтам,   къастам, т1едерзар хила тарло. Масала: Барзо узарш ца до. Кхузахь: барзо — ц1ердош а, подлежащи а ду, ткъа узарш— ц1ердош а,  нийса кхачам а бу.<ref>https://urok95.ru/</ref>
 
Ц1ердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало. Масала:
 
                                    Цхьаллин терахь                     Дукхаллин  терахь
 
Ц1. Мила? Муьлш?           нана                                        наной
 
Дл. Хьенан?                      ненан                                      нанойн
 
Л.  Хьанна?                       нанна                                      наношна
 
Др. Хьан?                          нанас                                      наноша
 
К. Хьаьнца?                      ненаца                                    наношца
 
Х. Хьанах?                        ненах                                     нанойх
 
М. Хьаьнга?                      нене                                       наношка
 
Дс. Хьанал?                      ненал                                      нанойл.
 
=== Билгалдош ===
Х1уманан билгало а гойтуш,  муха? муьлха? хьенан? стенан? мацалера? мичара? бохучу хаттаршна жоп а луш долчу къамелан декъах  билгалдош олу.
 
Билгалдешан ц1ердашца уьйр хуьлу. Масала: лекха лам,1аьржа мархаш,  лулахойн керт. Билгалдешнаш терахьашца а, дожаршца а хийцало. Масала: доккха ц1а-даккхий ц1енош, доккха дитт — даккхий дитташ.
 
Дукха хьолахь билгалдош предложенехь къастам хуьлий лела, амма шен маь1не хьаьжжина подлежащи а, кхачам а, т1едерзар а хуьлу. Масала:
 
Бацалахь лепара ''бес-бесара'' зезагаш. (бес-бесара — къастам)
 
Царалахь ''воккханиг'' тхуна т1евеара.  (воккханиг — подлежащи).
 
Тайнигех ''жиманиг'' къастийра Маликас. (жиманиг — кхачам бу).
 
''Хьомениг'', хьо х1ун лелош вара ехачу аьхка? (Хьомениг — т1едерзар ду).
 
=== Терахьдош ===
Х1уманан масалла я рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу. Терахьдашо ''маса? масалг1а?'' бохучу хаттаршна жоп ло. Масала: Умидатан берх1итталг1а шо ду.
 
=== Ц1ерметдош   ===
Ц1ерметдош- къамелан дакъа ду. Ц1ердашан, билгалдешан, терахьдешан метта лелачу  къамелан декъах ц1ерметдешнаш олу.
 
== Хьостанаш ==
<references />1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
 
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо.
 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
 
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
 
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
 
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
 
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
 
Урок кечйинарш: