[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 5:
== Дешдекъах юкъара болу кхетам ==
[[Меттан Ӏилма]]ехь [[фонема]] минималан [[аз|озан]] дакъа ларахь а, дешдакъа, шен рогӀехь, билгалдоккху минималан [[алар]]ан, я [[Артикуляци (фонетика)|артикуляцин]], къамелан дакъа санна. Дешдекъа билгалдаккхаран нисса формулировка хийцало авторшка хьаьжжина — масала, декъах, минималан а ца олуш, ала тарло уггаре доца, — амма лелийна терминех ца дозуш билгалдаккхарехь гойту дешдакъа декъа ца далар — кхин а цунах тера лахара тӀегӀане иза декъа ца далар. Структурица дешдакъа лаьтташ хила тарло цхьаннах я масех азнех, уьш тӀаьхьий-хьалхий догӀу [[къамел]]ехь, цуо кхуллу аларан агӀора цхьа дийнна, декъа ца ло аьзнаш.
 
Цхьа могӀа меттанашкахь, царна юкъахь ду [[Оьрсийн мотт|оьрсийн]], [[Ингалсан мотт|ингалсан]], [[Французийн мотт|французийн]] меттанаш, дешдекъийн яц юкъаметтиг ша дакъа долчун [[МаьӀна|маьӀнин]] чулацаман а, дош морфологин агӀора декъаран а. Оцу меттанашкара дешдакъойн дозанаш лалаш хуьлу, цхьан а [[Морфема|морфемех]], цхьанне [[грамматикин кеп]]ех ца йозуш дӀасахилало цхьацца модификацешкахь. Нагахь ''лом'' дашехь цхьа дешдакъа делахь, цуо шена чулоцу берриг [[Орам (лингвистика)|орам]], ткъа ''лоьмо'' кепехь хьалхарчу дешдекъо шена чу ораман дакъий бен ца лоцу, ткъа дисина ораман тӀаьхьара элп дӀакхета [[чаккхе]]нах, шолгӀа дешдакъа а кхуллуш. Аналогин хьал хуьлу дешнаш хӀитталучехь, цхьаьна дешдекъан юкъакхочу, масала, [[дешхьалхе]]нан чаккхенгара дакъа а, тӀаьхьарчу дешан хьалхара дакъа а. Наггахь, масала, французийн маттахь, дешдекъе цхьаьнатохало шина гоьнан дешнийн юьхьиг а, чаккхе а. Оьрсийн маттахь, нагахь ши дош гӀоьнан дацахь, царна юкъара дешдекъан доза дукха хьолахь доккху.