Ремарк Эрих Мария — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
жНисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 25:
=== '''Кхоллараллин хьалхара мур''' ===
1919-чу шарера схьа дуьйна хьехархо вара иза, амма шо даьлча оцу балхах дог делира цунна. Цул т1аьхьа дукха белхан меттигаш хийцира цо: махлелоран гӀуллакххо а, бухгалтер а, чуртийн дохкархо а хила иза, иштта иза фортепиано лакха 1амош а, сабӀаьрзачу нехан госпиталан жима килсан чохь кӀиранан деношкахь органист вара. Цу хенан битамаш бу «1аьржа хӀоллам» ц1е йолчу романан бух.
 
1921-чу шарахь ''Echo Continental'' журналан редакторан декхарш кхочушдан волавелла''.'' Оцу хенахь шена ''Erich Maria Remarque'' псевдоним а эцна цо. И ц1е французийн орфографица язйина ю — цо доьзалан гугенотан схьадалар гойту. 1922-чу шарахь иза Ганновере дIакхелхира.
 
1925-чу шарахь Ремарк Берлине д1акхелхира, 1925-чу шеран эсаран-беттан (октябран) 14-чу дийнахь хилла хелхарча йолу Цамбоне Ильза Ютте ялийна цо. Дукха шерашкахь йовхарийн цамгар бахьана долуш бала хьегна Юттас. Иза яздархочун масийтта жайнан турпалхойн васт хилла, ''царна юкъахь «Кхо накъост» чура Пат а''. Деачу шарахь и шиъ цхьана 1ийна, цул т1аьхьа уьш дӀасакъаьстина.
 
1938-чу шарахь Ремарко а, Ютто а шаьшшин цхьаьнаӀар бакъонехь юхаъ чӀагӀдина. Оцу г1уллакхан маь1на дара Ютан Германера араялийта г1о дан а, цунна Швейцарехь 1айта бакъо хилийта а. Цу хенахь Ремарк а вара цигахь вехаш. Т1аьхьа и шиъ цхьана Америкин Цхьанатоьхначу Штаташка д1абахара. 1957-чу шарахь официалан кепехь уьш д1асакъаьстира. Ткъа ша валлалц Ремарко Юттан ахчанца г1о дина, иштта шен весетехь цунна шовзткъе итт эзар доллар дитина цо.
 
=== ГIаравалар ===
1929-чу шарахь араяьлла цуьнан «Малхбузерчу фронтехь тийна ду» ц1е йолу роман. Ткъа шо долу салтин гуш йолу т1еман къизалла юьйцу жайнахь. Роман сиха г1араелира. Шарахь цхьаъ ах миллион экземляр йоьхкира. ТӀаьхьо иза ткъе ялхийтта матте гоч а йина. Шо даьлча ««Малхбузерчу фронтехь тийна ду» романан бух тIехь ц1арах фильм яьккхира. Фильман ши «Оскар» елира.
 
Филмах а, кинчкаш юхкучу хенахь а вуно яккхий гонорараш (елаш) хилар бахьанца Ремарко дикка ахча даьккхира. Церан билгал долу декъах цо Сезаннан а, Ван Гоган а, Гогенан а, Ренуаран а сарташ ийцира.
 
== Хьостанаш ==