Ремарк Эрих Мария — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
жНисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 36:
 
Филмах а, кинчкаш юхкучу хенахь а вуно яккхий гонорараш (елаш) хилар бахьанца Ремарко дикка ахча даьккхира. Церан билгал долу декъах цо Сезаннан а, Ван Гоган а, Гогенан а, Ренуаран а сарташ ийцира.
 
«Малхбузерчу фронтехь тийна ду» роман язъярна литературан декъехь 1931-чу шеран Нобелан совг1атна хьалхатеттира иза. Амма дӀахьедар кхочушдеш йолчу Нобелан комитето и сацам юхатуьйхира. Германин офицерийн кхеташо дуьхьал яра совг1атна, цара дийцарехь, романо немцойн эскар сийсаздора.
 
Цу шеран чаккхенгахь араяьлла ''Der Weg zurück'' («ЮхавогӀуш») ц1е йолу роман. ТӀаьххьара тӀамна дуьхьалара ши кинчка а, дийцарш а, экране хӀоттор а Гитлерна гучадалаза ца дуьсу. Цо Ремарк ''«французийн жуьгти Крамер»'' ву аьллера. ТӀаьхьо яздархочо жоп деллера: «Со жуьгти вацар, я аьррохьара а вацар. Со къийсаме пацифист вара».
 
Къоналлин литературан кумираш болу Манн Томасо а, Цвейг Стефано а керла кинчка къобал ца йира. Дукха нах романан а, фильман а цхьабосса дуьхьалбевлира. Цул сов, Ремарко шен кхелхинчу накъостан куьйгайоза лачкъина бохуш дуьйцура наха. Пачхьалкхехь нацизм яржарца яздархо къоман ямартхо а, тешам боцу яздарча а ву олура. Шена еш йолу Ӏиттарш ца лалуш Ремарко дукха къаьркъа муьйлура. Делахь а книгийн а, фильман а кхиамаш хилар бахьанца аьтто бара цуьнан таро йолуш ваха.
 
1932-чу шарахь Ремарк Германера дIакхелха. Швейцарехь сецира иза. Шо хьалха цигахь, шен доттаг1ан хьехарца, Лаго Маджоре олучу Iома тIехь «Каза Монте Табор» вилла ийцира цо. 1932-чу шеран оханан баттахь (апрелехь) Ремарко «Пат» (т1аьхьо «Кхо накъост») роман язъечу хенахь, цо банке йиллина ткъа эзар рейхсмарк Ӏедалца ца йогӀуш банкан операцеш йина хилар шеко йолуш пачхьалкхе даьккхира. И хила тарло д1акхалхарна бахьана.
 
Даймахкахь хьийзор ца сецира иза Швейцарехь вехачу хенахь: хьаьттан-баттахь (августехь) Берлинан кхело сацам бира «бакъойоцу ахчанан операцеш ярна» ткъе итт эзар рейхсмарк гӀуда тоха. Цун метта набахти чохь ши бутт баккха мегар. Делахь а Эрихо штраф д1айелира. 1933-чу шарахь нацисташ цуьнан йозанашна бехкам билира, ткъа студенташ уьш ц1аргахь ягийра.
 
1937-чу шарахь Ремаркан евзира г1араяьлла актриса Дитрих Марлен. Цу шинна юкъахь чӀогӀа а, бале а роман йолаелира. Цхьаболчарна хетарехь, Марлен «Сийлахь-толаме нартолан» чуьра Жоан Маду ц1е йолчу турпалхочун васт ду.
 
1938-чу шарахь немцойн маттахь араяьлла «Кхо накъост» ц1е йолу роман. Цу шарахь Германехь Ремаркера махкалла (гражданалла) дIадаьккхина. Иза «Сийлахь-толаме нартол» романан т1ехь болх бан волавелира. Шолг1ачу шарахь зорба тоьхна цуьнан «Хьайн уллораниг хьо санна веза» кинчка. Дитрих Марлено г1о до Ремаркан америкин виза яккха, 1940-чу шарахь иза 1амеркан Цхьанатоьхначу Штаташка д1авахара, цигахь 1947-чу шарахь цунна махкалла делла. Голливудехь 1амеркан кинематографан г1арабевлачу наха ч1ог1а лоруш вара немцойн яздархо. Дитрих Марленца юкъаметтигаш телхира, Ремарк Нью-Йорке д1авахара.
 
Эрихан жимаха йолу йиша Эльфрида (марехь йолуш Шольц) Германехь йиснера, 1943-чу шарахь иза т1амна а, Гитлерна а дуьхьал дешнаш аларна чуйоьллира. Кхело Эльфрид бехке лерира, 1943-чу шеран г1уран-беттан (декабран) 16-чохь иза корта боккхучу машенца йийра. Кхелахочо цуьнга ''«Ирс дацарна, хьан ваша тхоьх къайлаваьлла, ткъа хьо къелхьара ялалур яц»'' дешнаш аьлла хиларна тоьшаллаш ду. Ремаркан шен йишан Iожаллах лаьцна т1ом чекхбаьллачул т1ехь бен ца хиъна. Йишан сийнна язйина цо «Дахаран суй» ц1е йолу роман. Иза араяьлла 1952-чу шарахь. Ткъе пхи шо даьлча Ремаркан йишан сийнна ураман ц1е тиллира Оснабрюк г1алахь.
 
1945-чу шарахь Ремарко «Сийлахь-толаме нартолан» т1ехь болх чекхбоккху, ткъа 1948-чу шеран чиллин-баттахь (февралехь) экране х1оттийна ц1арах йолу фильм. Оцу шеран х1утосург-беттан (майан) 19-чохь ша исс шарахь ца хиллачу Европе юхавоьрзу Ремарк. Иза хилла [[Рум|Румехь]] а, [[Париж|Парижехь]] а, [[Цюрих|Цюрихехь]] а. Лахьанан-баттахь (ноябрехь) Меньеран цамгар кхета цунна. И цамгар хилла ца 1аш, депресси йолуш бала хьогу цо. Цу хьокъехь психиатран т1е воьду иза, цунна психоанализ йо. Анализо гучудоккху жималлехь цуьнан нерваш телхина хилар.
 
 
 
== Хьостанаш ==