Ремарк Эрих Мария — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
жНисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 57:
1950-чу шарахь Палей Натальяц хилла юкъаметтигаш хеда. Ремарк Эрих Мария Нью-Йорке дӀавоьду. 1951-чу шарахь голливудан актриса йолу Полетт Годдарца (1910—1990) гергарло тасало цун. Иза Чаплин Чарлини хилла зуда ю. Цо гӀодарца Ремарк кхетаме веара, депрессин дарба дира. Дагца йолу цамгарх чекхваьлча «Дахаран суй» цӀе йолу роман чекхъяьккхира яздархочо, юха иза ингалсан матте гочйира.
 
Меньер цамгаран керла приступаш хуьлу Ремаркан, и йоцург лоьраша кхиъ керла диагноз х1оттайо – доӀахан диабет. Цомгуш воллушехь винчу Оснабрюке воьду иза, цигахь Ремарк шен деца а, йишица а вовшахкхета.
 
Годдар Полеттан сийнна язйина йолу «Ваха хан а, вала хан а» роман зорба тоьхна 1954-чу шарахь. Цу шарахь Ремаркан да — Петер Франц велла. Ремарко «ТӀаьххьара акт» олучу фильман сценари т1ехь болх бо. Фильм араяьлла 1955-чу шарахь. 1956-чу шеран товбецан-баттахь Берлинан фестивалехь ««ТӀаьххьара акт» пьесан премьера хилла, ткъа бутт баьлча араяьлла «1аьржа х1оллам» кинчка.
 
1957-чу шарахь Ремарк эххар а Юттаца д1асакъаьстира, ткъа 1958-чу шарахь Ремарк а, Полетт а цхьаьнакхетта.
 
1958-чу шарахь Швейцаре юхавеана, цигахь валлалц ваьхна иза. Шен зудчунца 1ийна иза 1ожалле кхачале.
 
Цо «Ваха хан а, вала хан а» олучу фильман сценари язъйо, цу чохь профессор Польмани наг-наггахь долу дакъа ловзина. Шо даьлча цуьнан «Юхалург делла дахар» роман араяьлла, ткъа 1962-чу шарахь — «Лиссабонехь буьйса» зорба тоьхна.
 
=== ТӀаьххьара шераш ===
1963-чу шарахь Неаполехь инсульт а лайра цо. Цу хенахь Полетт Римехь яра. Цигахь иза Моравиа Альбертан «Бен ца хеташ нах» олу жайна бух болу фильмехь дакъа лоцуш яра. Ремарк цамгарх товелира. Ши шо даьлча Годдар Поллетаца Миланехь волчу хенахь даго юхаъ цатам бира цунна, иза клинике кхочу. Яздархочун могушалла а хӀор денна оьшуш йог1ура.
 
1968-чу шарахь яздархочун кхузткъа итт шо кхачарна швейцарийн г1ала йолу Асконо цунах шен г1алин сийлахь вахархо вира. ТӀаьххьара ши 1а Ремарко а, Полетто а Римехь даьккхира. 1970-чу шарахь аьхка Ремаркан дог юхаъ сецира, иза Локарно-г1алахь дарбан ц1ийнехь охьавиллира.  
 
Ремарк Эрих Мария кхелхина 1970-чу шарахь товбецан-беттан (сентябран) 25-чу дийнахь ЦӀиймаршан (аортан) аневризм олучу цамгарх. Яздархочун кхузткъа кхойтта шо дара. Ремарк д1авоьллина Ронко олучу кешнашкахь, Тичино кантонехь (махкахь). Ткъа шо даьлча, 1990-чу шарахь оханан-беттан (апрелан) 23-чохь кхелхира Годдар Полетт а. Иза Ремаркан йистехь д1айоьллина ю.
 
Ремарко шовзткъа итт эзар доллар дитина Ютта Ильзан а, шен йоккхахйолчу йишана а, иштта Асконехь шен г1айг1а бинчу 1уналхочун а.
 
«Дайначу тӀаьхьенан» яздархойн юкъавог1уш ву. Уьш [[Дуьненан хьалхара тӀом|Дуьненан хьалхарчу т1амах]] чекхбевлла, иштта царах «оьгӀазбахна къонахий» олу. Т1еман къизалла гинера царна. Церан хьалхарчу жайнаш цецбаьхнера Европера дуккха а нах. Иштта «дайначу тӀаьхьенан» юкъараллин юкъабог1уш бу Олдингтон Ричард а, Джон Дос Пассос, Хэмингуэй Эрнест а, Фицджеральд Фрэнсис Скотт а.
 
== Хьостанаш ==