Ремарк Эрих Мария — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
жНисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 14:
1912-чу шарахь халкъан ишкола чекхъяьккхинчул тӀаьхьа, хьехархо хӀотта иза католикийн хьехархойн семинаре воьду, ткъа 1915-чу шарахь Оснабрюк гӀалин паччахьан семинарехь дӀадахьира цо шен дешар. Цигахь цунна вевзира Хёрстемайер Фриц. Цо Ремаркан дог яздархо хила ирахӀоттира.
 
Оцу заманахь Ремарк меттигерчу поэто куьйгалла деш йолчу «Сатийсаран го» олучу литературан юкъараллин декъашхо хӀутту<ref>Биография Эриха Марии Ремарка. www.em-remarque.ru. <small>Дата обращения: 24 апреля 2018.</small></ref>.
 
=== ТӀамехь ===
МогӀа 26:
1919-чу шарера схьа дуьйна хьехархо вара иза, амма шо даьлча оцу балхах дог делира цунна. Цул тӀаьхьа дукха белхан меттигаш хийцира цо: махлелоран гӀуллакххо а, бухгалтер а, чуртийн дохкархо а хила иза, иштта иза фортепиано лакха Ӏамош а, сабӀаьрзачу нехан госпиталан жима килсан чохь кӀиранан деношкахь органист вара. Цу хенан битамаш бу «Ӏаьржа хӀоллам» цӀе йолчу романан бух.
 
1921-чу шарахь ''Echo Continental'' журналан редакторан декхарш кхочушдан волавелла''.'' Оцу хенахь шена ''Erich Maria Remarque''<ref>Erich Maria Remarque Short Biography by Date (англ.)</ref> псевдоним а эцна цо. И цӀе французийн орфографица язйина ю — цо доьзалан гугенотан схьадалар гойту<ref>''Рут Мартон.'' Э. М. Ремарк: «Береги себя, мой ангел» [=Mein Freund Boni; 1993] / Пер. А. Анваера. — М.: Арт-Флекс, 2001. — С. 66-67.</ref>. 1922-чу шарахь иза Ганновере дӀакхелхира.
 
1925-чу шарахь Ремарк Берлине дӀакхелхира, 1925-чу шеран эсаран-беттан (октябран) 14-чу дийнахь хилла хелхарча йолу Цамбоне Ильза Ютте ялийна цо. Дукха шерашкахь йовхарийн цамгар бахьана долуш бала хьегна Юттас. Иза яздархочун масийтта жайнан турпалхойн васт хилла, ''царна юкъахь «Кхо накъост» чура Пат а''. Деачу шарахь и шиъ цхьана Ӏийна, цул тӀаьхьа уьш дӀасакъаьстина.
МогӀа 35:
1929-чу шарахь араяьлла цуьнан «Малхбузерчу фронтехь тийна ду» цӀе йолу роман. Ткъа шо долу салтин гуш йолу тӀеман къизалла юьйцу жайнахь. Роман сиха гӀараелира. Шарахь цхьаъ ах миллион экземляр йоьхкира. ТӀаьхьо иза ткъе ялхийтта матте гоч а йина. Шо даьлча "«Малхбузерчу фронтехь тийна ду» романан бух тӀехь цӀарах фильм яьккхира. Фильман ши «Оскар» елира.
 
Филмах а, кинчкаш юхкучу хенахь а вуно яккхий гонорараш (елаш) хилар бахьанца Ремарко дикка ахча даьккхира. Церан билгал долу декъах цо Сезаннан а, Ван Гоган а, Гогенан а, Ренуаран а сарташ ийцира<ref>Remarque Obituary (англ.)</ref>.
 
«Малхбузерчу фронтехь тийна ду» роман язъярна литературан декъехь 1931-чу шеран Нобелан совгӀатна хьалхатеттира иза. Амма дӀахьедар кхочушдеш йолчу Нобелан комитето и сацам юхатуьйхира. Германин офицерийн кхеташо дуьхьал яра совгӀатна, цара дийцарехь, романо немцойн эскар сийсаздора<ref>Биография Эриха Марии Ремарка. www.em-remarque.ru. <small>Дата обращения: 4 июля 2018.</small></ref>.
 
Цу шеран чаккхенгахь араяьлла ''Der Weg zurück'' («ЮхавогӀуш») цӀе йолу роман. ТӀаьххьара тӀамна дуьхьалара ши кинчка а, дийцарш а, экране хӀоттор а Гитлерна гучадалаза ца дуьсу. Цо Ремарк ''«французийн жуьгти Крамер»'' ву аьллера. ТӀаьхьо яздархочо жоп деллера: «Со жуьгти вацар, я аьррохьара а вацар. Со къийсаме пацифист вара».
МогӀа 47:
Даймахкахь хьийзор ца сецира иза Швейцарехь вехачу хенахь: хьаьттан-баттахь (августехь) Берлинан кхело сацам бира «бакъойоцу ахчанан операцеш ярна» ткъе итт эзар рейхсмарк гӀуда тоха. Цун метта набахти чохь ши бутт баккха мегар. Делахь а Эрихо штраф дӀайелира. 1933-чу шарахь нацисташ цуьнан йозанашна бехкам билира, ткъа студенташ уьш цӀаргахь ягийра.
 
1937-чу шарахь Ремаркан евзира гӀараяьлла актриса Дитрих Марлен<ref>Эрих Мария Ремарк — Марлен Дитрих: Даты и Встречи</ref>. Цу шинна юкъахь чӀогӀа а, бале а роман йолаелира. Цхьаболчарна хетарехь, Марлен «Сийлахь-толаме нартолан» чуьра Жоан Маду цӀе йолчу турпалхочун васт ду<ref>''Riva, Maria,.'' Marlene Dietrich : the life. — First Pegasus Books hardcover edition. — New York, NY. — 789 pages с. — <nowiki>ISBN 1-68177-502-6</nowiki>, 978-1-68177-502-9, 978-1-64313-029-3, 1-64313-029-3.</ref>.
 
1938-чу шарахь немцойн маттахь араяьлла «Кхо накъост» цӀе йолу роман. Цу шарахь Германехь Ремаркера махкалла (гражданалла) дӀадаьккхина. Иза «Сийлахь-толаме нартол» романан тӀехь болх бан волавелира. ШолгӀачу шарахь зорба тоьхна цуьнан «Хьайн уллораниг хьо санна веза» кинчка. Дитрих Марлено гӀо до Ремаркан америкин виза яккха, 1940-чу шарахь иза Ӏамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка дӀавахара, цигахь 1947-чу шарахь цунна махкалла делла. Голливудехь Ӏамеркан кинематографан гӀарабевлачу наха чӀогӀа лоруш вара немцойн яздархо. Дитрих Марленца юкъаметтигаш телхира, Ремарк Нью-Йорке дӀавахара.
МогӀа 59:
Меньер цамгаран керла приступаш хуьлу Ремаркан, и йоцург лоьраша кхиъ керла диагноз хӀоттайо — доӀахан диабет. Цомгуш воллушехь винчу Оснабрюке воьду иза, цигахь Ремарк шен деца а, йишица а вовшахкхета.
 
Годдар Полеттан сийнна язйина йолу «Ваха хан а, вала хан а» роман зорба тоьхна 1954-чу шарахь. Цу шарахь Ремаркан да — Петер Франц велла. Ремарко «ТӀаьххьара акт» олучу фильман сценари тӀехь болх бо. Фильм араяьлла 1955-чу шарахь. 1956-чу шеран товбецан-баттахь Берлинан фестивалехь "«ТӀаьххьара акт» пьесан премьера хилла, ткъа бутт баьлча араяьлла «Ӏаьржа хӀоллам» кинчка.
 
1957-чу шарахь Ремарк эххар а Юттаца дӀасакъаьстира, ткъа 1958-чу шарахь Ремарк а, Полетт а цхьаьнакхетта. 1958-чу шарахь Швейцаре юхавеана, цигахь валлалц ваьхна иза. Шен зудчунца Ӏийна иза Ӏожалле кхачале.
 
1958-чу шарахь Швейцаре юхавеана, цигахь валлалц ваьхна иза. Шен зудчунца Ӏийна иза Ӏожалле кхачале.
 
Цо «Ваха хан а, вала хан а» олучу фильман сценари язъйо, цу чохь профессор Польмани наг-наггахь долу дакъа ловзина. Шо даьлча цуьнан «Юхалург делла дахар» роман араяьлла, ткъа 1962-чу шарахь — «Лиссабонехь буьйса» зорба тоьхна.
 
=== ТӀаьххьара шераш ===
1963-чу шарахь Неаполехь инсульт а лайра цо. Цу хенахь Полетт Римехь яра. Цигахь иза Моравиа Альбертан «Бен ца хеташ нах» олу жайна бух болу фильмехь дакъа лоцуш яра. Ремарк цамгарх товелира. Ши шо даьлча Годдар Поллетаца Миланехь волчу хенахь даго юхаъ цатам бира цунна, иза клинике кхочу. Яздархочун могушалла а хӀор денна оьшуш йогӀура<ref>Полетт Годдар: женщины Ремарка. www.em-remarque.ru. <small>Дата обращения: 18 февраля 2018.</small></ref>.
 
1968-чу шарахь яздархочун кхузткъа итт шо кхачарна швейцарийн гӀала йолу Асконо цунах шен гӀалин сийлахь вахархо вира. ТӀаьххьара ши Ӏа Ремарко а, Полетто а Римехь даьккхира. 1970-чу шарахь аьхка Ремаркан дог юхаъ сецира, иза Локарно-гӀалахь дарбан цӀийнехь охьавиллира.  
 
Ремарк Эрих Мария кхелхина 1970-чу шарахь товбецан-беттан (сентябран) 25-чу дийнахь ЦӀиймаршан (аортан) аневризм олучу цамгарх. Яздархочун кхузткъа кхойтта шо дара. Ремарк дӀавоьллина Ронко олучу кешнашкахь, Тичино кантонехь (махкахь). Ткъа шо даьлча, 1990-чу шарахь оханан-беттан (апрелан) 23-чохь кхелхира Годдар Полетт а. Иза Ремаркан йистехь дӀайоьллина ю<ref>Биография Эриха Марии Ремарка. www.em-remarque.ru. <small>Дата обращения: 5 июля 2018.</small></ref>.
 
Ремарко шовзткъа итт эзар доллар дитина Ютта Ильзан а, шен йоккхахйолчу йишана а, иштта Асконехь шен гӀайгӀа бинчу Ӏуналхочун а.