Ремарк Эрих Мария — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
жНисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 26:
1919-чу шарера схьа дуьйна хьехархо вара иза, амма шо даьлча оцу балхах дог делира цунна. Цул тӀаьхьа дукха белхан меттигаш хийцира цо: махлелоран гӀуллакххо а, бухгалтер а, чуртийн дохкархо а хила иза, иштта иза фортепиано лакха Ӏамош а, сабӀаьрзачу нехан госпиталан жима килсан чохь кӀиранан деношкахь органист вара. Цу хенан битамаш бу «Ӏаьржа хӀоллам» цӀе йолчу романан бух.
 
1921-чу шарахь ''Echo Continental'' журналан редакторан декхарш кхочушдан волавелла''.'' Оцу хенахь шена ''Erich Maria Remarque''<ref>Erich Maria Remarque Short Biography by Date (англ.)</ref> псевдоним а эцна цо. И цӀе французийн орфографица язйина ю — цо доьзалан гугенотан схьадалар гойту<ref>''Рут Мартон.'' Э.  М.  Ремарк: «Береги себя, мой ангел» [=Mein Freund Boni; 1993] / Пер. А. Анваера.  — М.: Арт-Флекс, 2001.  — С. 66-67.</ref>. 1922-чу шарахь иза Ганновере дӀакхелхира.
 
1925-чу шарахь Ремарк Берлине дӀакхелхира, 1925-чу шеран эсаран-беттан (октябран) 14-чу дийнахь хилла хелхарча йолу Цамбоне Ильза Ютте ялийна цо. Дукха шерашкахь йовхарийн цамгар бахьана долуш бала хьегна Юттас. Иза яздархочун масийтта жайнан турпалхойн васт хилла, ''царна юкъахь «Кхо накъост» чура Пат а''. Деачу шарахь и шиъ цхьана Ӏийна, цул тӀаьхьа уьш дӀасакъаьстина.
МогӀа 47:
Даймахкахь хьийзор ца сецира иза Швейцарехь вехачу хенахь: хьаьттан-баттахь (августехь) Берлинан кхело сацам бира «бакъойоцу ахчанан операцеш ярна» ткъе итт эзар рейхсмарк гӀуда тоха. Цун метта набахти чохь ши бутт баккха мегар. Делахь а Эрихо штраф дӀайелира. 1933-чу шарахь нацисташ цуьнан йозанашна бехкам билира, ткъа студенташ уьш цӀаргахь ягийра.
 
1937-чу шарахь Ремаркан евзира гӀараяьлла актриса Дитрих Марлен<ref>Эрих Мария Ремарк  — Марлен Дитрих: Даты и Встречи</ref>. Цу шинна юкъахь чӀогӀа а, бале а роман йолаелира. Цхьаболчарна хетарехь, Марлен «Сийлахь-толаме нартолан» чуьра Жоан Маду цӀе йолчу турпалхочун васт ду<ref>''Riva, Maria,.'' Marlene Dietrich : the life.  — First Pegasus Books hardcover edition.  — New York, NY.  — 789 pages с.  — <nowiki>ISBN 1-68177-502-6</nowiki>, 978-1-68177-502-9, 978-1-64313-029-3, 1-64313-029-3.</ref>.
 
1938-чу шарахь немцойн маттахь араяьлла «Кхо накъост» цӀе йолу роман. Цу шарахь Германехь Ремаркера махкалла (гражданалла) дӀадаьккхина. Иза «Сийлахь-толаме нартол» романан тӀехь болх бан волавелира. ШолгӀачу шарахь зорба тоьхна цуьнан «Хьайн уллораниг хьо санна веза» кинчка. Дитрих Марлено гӀо до Ремаркан америкин виза яккха, 1940-чу шарахь иза Ӏамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка дӀавахара, цигахь 1947-чу шарахь цунна махкалла делла. Голливудехь Ӏамеркан кинематографан гӀарабевлачу наха чӀогӀа лоруш вара немцойн яздархо. Дитрих Марленца юкъаметтигаш телхира, Ремарк Нью-Йорке дӀавахара.