Бутаев, Георгий Данилович — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
ж →‎Биографи: clean up using AWB
МогӀа 3:
 
== Биографи ==
Вина 1910 шеран 25 декабрехь [[Коста Хетагуровн цӀарах эвла|Коста Хетагурован]] юртахь (хӀинца [[Кхарачой-Чергазийчоь|Кхарачой-Чергазийчоьнан]] [[Карачаевскан кӀошт]]) шахтёран доьзаллехь. Иза жима волуш хенахь цуьнан да велира. 15 шо кхаьчча дуьйна школехь доьшуш хенахь иза волавелира же Ӏун болх бан. 1929 шарахь иза волавелира Карачаевски хьехархойн доьшаллехь деша. 1932 шарахь иза [[Москох|Москва]] дӀавахара. Цигахь иза рабфаке деша вахара, амма дешар чекхдаккхар цуьнан ца нисделира. 1933 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. Бутаев [[Луганск|Лугански]] кеманхойн школе вахийтира, амма цамгар бахьнехь лоьрийн комиссиис иза кеманхон белхан ца магийтира. 1935 шарахь иза шен юрте цӀавеара. Цигахь иза школехь хьехархойн болх бан волавелира. 1937 шарахь Бутаевс тӀехьашха чекхъяккхира Тбилисехь йолу ХӀирийн хьехархойн доьшалла. 1941 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира. ТӀом болабелча иза школан завуч вара. 1941 шарахь иза юха а эскаре дӀакхайкхира. 1942 шеран март дуьйна иза тӀматӀехь ву. Цу шарахь цо чекхъяккхира СаратованСаратовн эскаран политикан доьшийлан политикан белхалойн курсаш. ТӀамтӀе веача иза хилира миномётийн ротан политрук. Цо тӀом бира Воронежски а, Юккъера а фронтах, дакъалецира Курски тӀамтӀехь а, [[Украинийн Советийн Социалистийн Республика|Украински ССР]] паргӀатйоккхаш а. 1943 шеран сентябрехь лейтенант Георгий Бутаев вара Юккъера фронтан 60-гӀа армин 132-гӀа кхиссархойн дивизин 712-гӀа кхиссархойн полкан парторг<ref name="wh">{{Warheroes|id=11767}}</ref>.
 
1943 шеран 24 сентябрехь Бутаеван батальон Днепран дехьаелира Киевел 100 километр къилбаседера Черниговски областин Козелецки кӀоштан Староглыбов цӀе йолу юртан уллехь. Кхераме хьал тӀехӀоттича Бутаев батальонан коьрте хӀоьттира, иза контратаке хьала а айбира, немцой дуккха сов болушшехь церан атака юха а туьйхира, мостагӀийн дукха салтий а, танкаш а хӀаллакйира. Цул тӀаьхьа а оцу плацдармехь хиллачу тӀамехь Бутаевс иштта а жигара дакъа лецира. 5 октябрехь Киевски областехь Чернобыльски кӀоштехь Горностай-Поле юртан уллехь батальон немцойн эскаран тӀелетира. Хьалхара саьнгараш схьалецира, амма кхин дӀаваха немцойн дуьхьалло бахьнехь аьтту ца хуьлура. Ши рота командирас тӀехьаш тӀелата дӀаяхийтира, Бутаев юкъахь волу кхозлугӀа рота фронтера тӀелатан езара. Оцу дийнахь Бутаевс 4-за хьалагӀаттира шен рота, масийттуза мостагӀийн чуччавахна летира, 10 сов мостагӀийн салтийн а, эпсар а хӀаллаквира. Цунна чевнаш йира, амма иза госпитале ца вахара. Юха а немцой тӀелетча Бутаевс юха а шен рота дуьхьаллатаран хьалаайира. Цу хенахь иза пулемёт тоьхна вийра. Иза дӀавоьллира Киевски областан Иванковски кӀоштан Парышев цӀе йолу юртан уллехь<ref name="wh">{{Warheroes|id=11767}}</ref>.