ШолгӀа дуьненан тӀом — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
ж →‎top: clean up using AWB
МогӀа 15:
1939-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 23-чохь тӀелаьцна йолу Молотов-Риббентропан пактца Германино а, Советийн Бертано а йийкъира а, иштта аннекси йира шай европин лулахошна: Польшин а, Финляндин а, Румынин а, Балтийн пачхьалкхийн а. 1941-чу шарахь асаран-беттан (июнан) 22-чу дийнахь Германи Советийн Бертан тӀелетарца схьайиллира ''Малхбалера фронт''. Иза исторехь уггаре йоккха лаьттахулара йолу тӀеман ''театр'' санна лоруш ю.
 
Азин-Тийначу Ӏапказан регионехь коьртера хила лууш йолу Япони, 1937-чу шарахь Цийн Махкаца тӀом беш яра. 1941-чу шарахь гӀуран-баттахь Къилба-Малхбалера Азин а, Тийначу Ӏапказан юккъерчу декъан а тӀекхачарца, Япони цхьаназаманчохь тӀе а летира америкин а, Британийн мехкийн. Оцу муьрехь японхой '''Пёрл-Харборехь''' америкин флотна тӀелетта хилла. Сийлахь-йоккхачу Британино Японин тӀом кхайкхинчул тӀаьхьа, иштта кхайкхам бира АмериканАмерикин Цхьанатоьхначу Штаташ а. ТӀаккха ''«семанан Цхьаьнакхетаран»'' чуйогӀу европин пачхьалкхаш шайн ''декхарш кхочушдархьама'' АмериканАмерикин Цхьанатоьхначу Штаташна тӀом кхайкхо сацам тӀеийцира.
 
Дукха хан ялале, Японино дӀалецира Тийначу Ӏапказан дуккхаха долу малхбузера дакъа. Амма 1942-чу шарахь '''Мидуэй йистехь''' Японин флотан даккхий зенаш дарца, цуьнан жигара болам сацийра. ТӀаьхьо Къилбаседера Африкехь а, Сталинград олучу шахьарехь а Германин а, Италин а эшам хилира.
МогӀа 25:
Европера тӀом а чекхбелира немцоша оккупаци йина латтанаш маьршадахарца а, Советийн Барт а, малхбузера бартхой а Германи чукхачарца, юха цуьнан нана-гӀала йожарца а''.'' Коалици Берлине чукхаьчча [[Гитлер, Адольф|ХӀитлер Адольф]] ша-шена тапча тоьхна велира. 1945-чу шеран хӀутосург-беттан (майан) 8-гӀа де Германино юьззина капитуляци йина де ду.
 
1945-чу шарахь мангалан-беттан (июлан) 26-чохь бартхоша куьг яздира '''Потсдаман декларацина'''. Амма Япони юхаяла реза ца хилча а, АмериканАмерикин Цхьанатоьхначу Штаташ 1945-чу шеран хьаьттан-беттан (августан) 6-чохь Хиросиман а, 9-чохь Нагасакин а зарратан (атоман) бомбанаш йиттира.
 
1945-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 15-чохь Японино шен капитуляци дӀахьейира, цуьнан бахьанаш дара:
МогӀа 36:
Бартхоша цу хьокъехь шекойоцуш Азехь толам тӀечӀагӀбира. ТӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа Германи а, Япони а дӀалецара. Ткъа немцойн а, японийн а хьалхабевлларш тӀеман кхеле озийра. Коьртачу декъехь Грецехь а, Югославехь а зуламаш леладар, официалан кехаташца тӀечӀагӀдина доллушехь а, амма дипломатин юкъаметтигаш хиларна, итальянийн лидершна а, генералшна а дуьхьалдаьхна бехкаш бух боцуш бу аьлла сацамбира кхело.
 
II-чу дуьненан тӀамо хийцира дуьненан политикин а, социалан а дӀахӀоттам. Халкъашна юккъера цхьаьнагӀуллакхдар чӀагӀдарна а, тӀейогӀучу заманашкахь тӀемаш ца хилийта кхоьллира [[Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхоллам|Вовшахтоьхна Къаьмнийн Организаци]]. Ткъа толам баьккхина йолу пачхьалкхаш- Цийн Халкъан Республика а, Франци а,  Советийн Барт а, Сийлахь-йоккха Британи а, АмериканАмерикин Штаташ а- цуьнан Кхерамзаллан Кхеташонан цахийцалун декъашхой яра.
 
Европа тӀамехь дакъаза яьлча, дуьненахь цуьнан мехкийн Ӏаткъам лахбелира, и бахьан долуш тӀаьхьо болабелира '''деколонизацин мур'''. Дукхаха йолу пачхьалкхаш, зен хилла индустри меттахӀоттайира. Европехь йолайелира политикан интеграци. Цуьнан Ӏалашо яра тӀейогӀучу хенашкахь тӀемаш ца балийта а, яханчу заманахь хилла гамо дӀаяккхар а.