Конгрессан библиотека — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 40:
[[Файл:ThomasJeffersonBuildingLOC.jpg|thumb|left|Джефферсонан библиотека]]
* Кхолларан терахь лору [[1800 шо|1800 шеран]] [[24 апрель|24 апрель]], оцу хенахь [[АЦШ президент]] [[Адамс, Джон (президент)|Адамс Джона]] (John Adams) куьг яздина пачхьалкхан [[коьрта гӀала]] [[Филадельфи|Филадельфера]] [[Вашингтон]]е (Washington) дехьаяккхаран закон тӀе. Оцу законан кхечу пункташ юкъахь, пункт ю ''«Конгрессан оьшур долу жайнаш эца а, уьш Ӏалашдан оьшуш йолу чоь кечъян а»'' 5000 доллар даларах (оцу хенахь дукха ахча ду иза). Оцу пункто билгалйохура библиотеко болх баран бакъонаш, цаьрца, цу чу ваха, [[ресурс]]ашна тӀекхача президентан а, [[АЦШ вице-президент|вице-президент]], [[АЦШ сенат]]ан а, Векалийн палатан ([[АЦШ Конгресс]]) декъашхойн бен яцара. Цундела библиотеках ала долийра — «''Конгрессан библиотека''»
* Юьхьанцара [[фонд]] яра 740 жайна а, [[Лондон]]ехь эцна кхоъ Америкин [[географин карта]] а. Цул тӀаьхьа хилла президент, [[Томас Джефферсон]] (Thomas Jefferson), президентан бакъонашка велира [[1801 шо|1801 шеран]] [[4 март]]ехь, иза ладаме болх бан волавелира Библиотекан фонд тӀаьхь, цуьнан роль а, иэшар а гойтуш. Иза волуш библиотекан фонд шоръяла йолаелира хаъал чехка. 8 шо даьлчи [[чӀагӀо]] йира президента [[Мэдисон, Джеймс|Мэдисон Джеймса]], цунна беза мохь болу дакъа кхечира — мехкан куьйгалла [[1812 шо|1812]]—[[1814 шо|1814 шерашкара]] [[Ингалсан-америкин тӀом 1812—1814|Ингалсан-американамерикин]].
* ТӀом болуш, 1814 шеран [[август]]ехь Вашингтон ерриг аьлча санна ягийра ингалсхоша. Буха хӀума ца дуьсуш егира, чохь мехала жайнаш а долуш библиотека йолу, [[Капитолий (Вашингтон)|Капитолий]] а. [[Британин импери|Британин эскарех]] АЦШ коьрта шахьарах йисинарг мукъа яьккхинчул тӀаьхьа, Мэдисон омар делира библиотека метта хӀоттае аьлла. Экс-президент волу чӀогӀа [[библиофил]] хиллачу Джефферсона Конгрессе шен долара, тайп-тайпанчу меттанашкара, 6487 томах лаьтта гулам эца элира, иза цуо гулбинера шовзткъе итт шарахь сов, ишттаниг АЦШ оцу хенахь кхин бан а бацара. Америко тӀеийцира и кховдам. Мах хадийра 23 940 доллар. Оцу хенахь дуьйна «Конгрессан библиотека» цӀе а, «Джефферсонан библиотека» цӀе а цхьаъ хилира.
* [[1851 шо|1851 шарахь]] библиотекехь елира шолгӀа [[цӀе ялар|цӀе]], цигахь дегира Джефферсон Томасегара эцна жайнин доккхаха долу дакъа, 2/3 дерриг жайнин фондех, оцу хенахь цигахь егира 55 000 тайп-тайпана арахецарш. Шо даьллачул тӀаьхьа, библиотека меттахӀотто, пачхьалкхан бюджетара делира 168 700 доллар. Алсама дакъа оцу ахчанах библиотека тоеш дӀадахара.