ШолгӀа дуьненан тӀом — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж →‎top: clean up using AWB
ж →‎top: clean up using AWB
МогӀа 11:
Авицино доккха дакъа лаьцна хиллачу девнехь, масала гӀаланаш тӀе стратегин бомбанаш еттарехь а, зарратан герз кечдарехь а.
 
Лоруш ду, II-гӀа Дуьненан тӀом болабелла 1939-чу шарахь тов-бецан-беттан (сентябран) 1-чу дийнахь Германи Польшан тӀелатарца. Цул тӀаьхьа 3-чохь Йоккхачу Британино а, Францино а Германин тӀом кхайкхийра. 1939 чакхенера 1941-чу шаре кхаччалц масийтта тӀеман кампани ярца а, вовшаца тӀом ца бан чӀагӀамаш барца а , Германино тӀамца долалле яккхира я ''контроле лаьцнера'' доккхаха долу континентан ЕвропанЕвропин дакъа. Германино Италица а, Японица а вовшахтуьхира ''«семанан Цхьаьнакхетар»''. Цул тӀаьхьа кхиъ алсам пачхьалкхаш еара ''Цхьаьнакхетаран'' декъе.
 
1939-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 23-чохь тӀелаьцна йолу Молотов-Риббентропан пактца Германино а, Советийн Бертано а йийкъира а, иштта аннекси йира шай европин лулахошна: Польшин а, Финляндин а, Румынин а, Балтийн пачхьалкхийн а. 1941-чу шарахь асаран-беттан (июнан) 22-чу дийнахь Германи Советийн Бертан тӀелетарца схьайиллира ''Малхбалера фронт''. Иза исторехь уггаре йоккха лаьттахулара йолу тӀеман ''театр'' санна лоруш ю.