КхоалгӀа рейх — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
ж →‎top: clean up using AWB
МогӀа 1:
'''КхоалгӀа рейх''' — 1933-чу-1945-чу шерашкахь Немцойн Национал-социалистийн белхан партин Ӏазалла (диктатура) йолчу хенахь хилла Германхойн пачхьалкх ю. 1943 шо кхаччалц цуьнан цӀе «Германхойн рейх» (нем. ''Deutsches Reich'') яра, цул тӀаьхьа «Сийлахь-йоккха рейх» (нем. ''Großdeutsches Reich'') яра. Оьрсийн историографехь «гитлеран Германи», «нацистийн Германи», «КхоалгӀа рейх», «фашистийн Германи» цӀераш лелайо. [[ШолгӀа дуьненан тӀом]] дӀабирзинчул тӀаьхьа Сийлахь-йоккхачу рейхан пачхьалкхан структурийн белхаш сецна.1933-чу-1945-чу шерашкахь Германин нацистийн куьйгалло дӀахьуш хила къиза чоьхьара а, арахьара а политика. Оцу политиканполитикин вовшахтохархошна [[Нюрнберган процесс]]ехь кхиэл йина. НСДАП-ан куьйгалла а, кхийолу Германин нуьцкъаллин структураш а — ''СС (иштта СД) а, гестапо а'' — зуламе кхолламаш хилар тӀечӀагӀдина ду.
 
Гитлер волчу хенахь Германи тоталитаран пачхьалкх яра. Ерриг дахаран аспекташна тӀехь мехка урхалло контроль латтош яра. КхоалгӀа рейх «КхоалгӀа паччахьалла» я «КхоалгӀа импери» бохург ду.  Цундела ''нацисташ дийцарехь'' Нацистийн Германи хьалхалерчу Сийлахьчу Руман империн (800—1806) а, Германхойн империн (1871—1918) а верас яра.