Кусаев, Ӏадиз Джабраилович — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
ж →‎Биографи: нийсайаздар, replaced: татистикан → татистикин using AWB
ж нийсайаздар, replaced: еспубликан → еспубликин (2) using AWB
МогӀа 37:
1972 шарахь иза Госкомитете юха а балха хьавеара исбаьхьаллин программашан редакцин коьрта редактор. [[1994 шо]] кхаччалц иза вара Телевиденин комитетан коьрта редактор а, Председателин когаметтаниг а. [[1995]] шарахь иза хилира «Вайнах» Пачхьалкхан телерадиокомпанин Председателин когаметтаниг. Цигахь цо болх бира [[1997]] шарахь пенси ваххалц.
 
Амма иза цӀахь ца Ӏавелира. Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан журналистикан кафедран коьрта хьехархо балха вахара иза. ХӀинца иза оцу кафедран доцент ву. [[2000]] шарахь цо Нохчийн РеспубликанРеспубликин Халкъан музейн уггара керла историн декъан куьйгалхо болх бира. Цул тӀехьа иза хилира оцу музейн Ӏилманан а, серладаккхаран а белхан а, юкъараллин белхан а Генеральный директоран когаметтаниг хилира.
 
== Литературан болх ==
Ӏадиз Кусаевс язйо [[нохчий]]н а, оьрсийн а меттанашкахь. Цуьна литературан болх болабелира [[1958]] шарахь. Цу хенахь «Комсомольское племя» газетехь араелира цуьна хьалхара байт «В большую жизнь» оьрсийн маттахь, «ДоттагӀалла» альманахехь араелира «11 августан урам» цӀе йолу байт нохчийн маттахь.
 
Цо язйина прозин а, поэзин а 20 сов книг нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь, республиканреспубликин культурин дахарех лаьцна шортта газетан а, журналан статьяш, радио- а, телеочеркаш а.
 
Цуьна байташ зорбан тӀе тоьхна «Литературан газетехь», «Литературан Россиехь», журналашкахь «Дружба народов», «Юность», «Дон», коллективан гуламашкахь «Звезды в ладонях» ([[1965]]), «Зовут нас горизонты» ([[1966]]), «Встреча в пути» ([[1978]]), «Строки, опаленные войной» ([[1997]]), «Антология чечено-ингушской поэзии» ([[1981]]), «Антология чеченской поэзии» ([[2003]]).