Ремарк Эрих Мария — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
жНисдарах лаьцна йаздина дац
ж нийсайаздар, replaced: итературан → итературин (3) using AWB
МогӀа 14:
1912-чу шарахь халкъан ишкола чекхъяьккхинчул тӀаьхьа, хьехархо хӀотта иза католикийн хьехархойн семинаре воьду, ткъа 1915-чу шарахь Оснабрюк гӀалин паччахьан семинарехь дӀадахьира цо шен дешар. Цигахь цунна вевзира Хёрстемайер Фриц. Цо Ремаркан дог яздархо хила ирахӀоттира.
 
Оцу заманахь Ремарк меттигерчу поэто куьйгалла деш йолчу «Сатийсаран го» олучу литературанлитературин юкъараллин декъашхо хӀутту<ref>Биография Эриха Марии Ремарка. www.em-remarque.ru. <small>Дата обращения: 24 апреля 2018.</small></ref>.
 
=== ТӀамехь ===
МогӀа 37:
Филмах а, кинчкаш юхкучу хенахь а вуно яккхий гонорараш (елаш) хилар бахьанца Ремарко дикка ахча даьккхира. Церан билгал долу декъах цо Сезаннан а, Ван Гоган а, Гогенан а, Ренуаран а сарташ ийцира<ref>Remarque Obituary (англ.)</ref>.
 
«Малхбузерчу фронтехь тийна ду» роман язъярна литературанлитературин декъехь 1931-чу шеран Нобелан совгӀатна хьалхатеттира иза. Амма дӀахьедар кхочушдеш йолчу Нобелан комитето и сацам юхатуьйхира. Германин офицерийн кхеташо дуьхьал яра совгӀатна, цара дийцарехь, романо немцойн эскар сийсаздора<ref>Биография Эриха Марии Ремарка. www.em-remarque.ru. <small>Дата обращения: 4 июля 2018.</small></ref>.
 
Цу шеран чаккхенгахь араяьлла ''Der Weg zurück'' («ЮхавогӀуш») цӀе йолу роман. ТӀаьххьара тӀамна дуьхьалара ши кинчка а, дийцарш а, экране хӀоттор а Гитлерна гучадалаза ца дуьсу. Цо Ремарк ''«французийн жуьгти Крамер»'' ву аьллера. ТӀаьхьо яздархочо жоп деллера: «Со жуьгти вацар, я аьррохьара а вацар. Со къийсаме пацифист вара».
 
Къоналлин литературанлитературин кумираш болу Манн Томасо а, Цвейг Стефано а керла кинчка къобал ца йира. Дукха нах романан а, фильман а цхьабосса дуьхьалбевлира. Цул сов, Ремарко шен кхелхинчу накъостан куьйгайоза лачкъина бохуш дуьйцура наха. Пачхьалкхехь нацизм яржарца яздархо къоман ямартхо а, тешам боцу яздарча а ву олура. Шена еш йолу Ӏиттарш ца лалуш Ремарко дукха къаьркъа муьйлура. Делахь а книгийн а, фильман а кхиамаш хилар бахьанца аьтто бара цуьнан таро йолуш ваха.
 
1932-чу шарахь Ремарк Германера дӀакхелха. Швейцарехь сецира иза. Шо хьалха цигахь, шен доттагӀан хьехарца, Лаго Маджоре олучу Ӏома тӀехь «Каза Монте Табор» вилла ийцира цо. 1932-чу шеран оханан баттахь (апрелехь) Ремарко «Пат» (тӀаьхьо «Кхо накъост») роман язъечу хенахь, цо банке йиллина ткъа эзар рейхсмарк Ӏедалца ца йогӀуш банкан операцеш йина хилар шеко йолуш пачхьалкхе даьккхира. И хила тарло дӀакхалхарна бахьана.