Нажаев, Ахьмад Идигович — Версийн башхалла

Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агlо: «{{Стаг | ЦІе = Нажи Идиги кIант Ахьмад | ХІуьттаре = | Сурт = Нажаев_Ахьмад_Идиго...»
(башхалла йац)

Верси 2011, 17 декабрь, 17:28

Кеп:Стаг

Нохчийн советски литература кхоьллинчех цхьаъ ву Нажаев Ахьмад Идигович. Цуьнан цIарца йоьзна а ю вайн поэзино советски муьрехь яьхна дуьххьарлера гIулчаш

Исторе

Нажаев Ахьмад вина 1895 шарахь Йоккхачу-АтагIахь, ахархочун доьзалехь. Дуьххьара йоза-дешар Iамор хьуьжарехь нисделла Нажаев Ахьмадан. Амма, Октябрьски революци а хилла, вайн махкахь советски Iедал хIоьттинчул тIаьхьа, хьехархочун курсаш чекх а йохий, Йоккхачу-АтагIахь юххьанцарчу школехь хьехархо хуьлий дIахIутту Нажаев Ахьмад. Оцу хенахь, хьехархочун балхаца цхьаьна, доккха гIуллакх до цо вайн халкъан барта кхолларалца гулъярехь. Цо дуккха а нохчийн иллеш, эшарш, туьйранаш, дийцарш дIаяздо.