Айдамиров, Абузар Абдулхакимович — Версийн башхалла

Нохчийн яздархо, прозаик, историк
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Керла агlо: «200px|thumb|Абузар Айдамиров '''Айдамиров А. Абдулхакимович''' вина 1933 - ч…»
(башхалла йац)

Верси 2012, 30 январь, 19:23

Айдамиров А. Абдулхакимович вина 1933 - чу шарахь Нажин – Юьртан кlоштерчу Мескитахь, ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара школа шайн юьртахь чекхъяьккхина цо. Жимчохь дlаболабелла Айдамировн къинхьегаме некъ. 1957 – чу шарахь Мескитарчу школе нохчийн меттан, литературан, историн хьехархочун балха вахийтира иза. Нохч – Гlалгlайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко – филологически факультет чекхъяьккхира цо 1963 –чу шарахь.

Файл:Абузар Айдамиров.jpg
Абузар Айдамиров

Дуьххьарлера цо язъина стихотворении «Лермонтовн безамна» зорбане елира 1956 – чу шарахь «Винчу лаьмнашкахь» цlе йолу жайнийн тlехь зорба тоьхна ю стихотворенеш: «Даймохк», «Винчу лаьмнашкахь», «Бералла», «Ясин тогlехь», «Ненан мотт», «Хlай буьйса», «Бехк ма Билла» дуккха а кхиерш а. Цо язъина цхьайолу стихаш халкъан эшаршка йирзина, масала: «Винчу лаьмнашкахь», «lаьржа буьйса», «Езачу йоlе», «Воккхачу стеган илли», «Хьайна лаахь», «Даймохк» иштта кхин а.

Яздархочун «Лаьмнашкахь серло», «Тхан эвлахь», «Лаьмнийн некъашкахула» ц1ераш йолу книгаш т1ера дукхахйолу произведенеш а ю юьртан таханлера дахар гойтуш. Айдамиров Абузар юьртахь вехаш ву. Юьртан дахар – цуьнан дахар ду.